Автобус, кегийчу машенашка хьаьжча мелла а меллаша йоьдуш хиларе терра, тIех мел довлучу меттигех бIаьрг тоха ларадора тхо (пассажираш).

Автобусан корехула ара а хьоьжуш, баккъал а, сайна хIинц-хIинцца цхьа хIума ган дезаш санна арахьоьжучу сан бIаьрг кхийтира цхьана йоккхачу стагах. Хазахета воккха стаг, йоккха стаг гича. Царах марзо эца а, церан къамеле ладогIа а хьаьгна хан а йогIу хир ю вайх муьлххачунна а. Уьш хилар вайна доккха беркат а, ирс а ду. Делахь а, доьзалера воккханиг бакъдуьнена а вирзина, хIусам ясъелла, шелъелла дIахIоьттича бен цунах кхетам ца кхета.
Иштта, оцу ойланашца, со корехула арахьоьжуш а йолуш, цхьана йоккхачу стагана дехьа а, сехьа а хIоьттина, цуьнан цхьацца куьг а лаьцна, иза некъал дехьайоккхуш вара цхьа ши кIант.
Оцу суьрто баккъал а ирсе вийр вара муьлхха а. Хетарехь, цхьанхьара доьшучуьра схьавогIуш вара и шиъ. Цхьана куьйга лаьцна Iаса, вукху куьйга лаьцна тIоьрмиг болуш йоьдучу йоккхачу стагаца цара лаьцнарг вайн хаза гIиллакх дара. «Церан сурт даккха кхуьур ярий-те?!» бохучу ойланца, мелла а сиха суьрташ долу камера царна тIедерзийра ас. Сурт даккха кхиира, автобус меллаша йоьдуш хилла хиларна.
Цул тIаьхьа цхьа-ши шо гергга хан яьлла, амма и сурт, кест-кеста тIе а хьожуш, латтош ду ас.
Зама а, цуьнца цхьаьна адамаш а хийцалуш хиларца доьзна, яханчу заманахь вайн дайша лелийна гIиллакх хIоттош гича ма цец волу хIинца. ДIасавоьдучохь а, маршрутки чохь а, автобуса чохь а, муьлххачу а цхьаьнакхетарехь а дIасахьаьжча гуш дерг цхьа сурт ду: берриге а кегийрхой, мехкарий телефонаш а, планшеташ а, айпадаш а кара лаьцна, шайн ерриге а ойла царна тIехьовсийна Iаш го.
Ишттачу хIокху заманахь жимачу, шина нохчичо йоккха стаг некъал дехьа йоккхуш гича, цхьа шатайпа дагна хьаам хилира, царах бIаьрг буьзира.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Йоккха стаг а, ши кIант а
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо