Ерригроссин «Щит России» конкурсан толамхо

Дукха хан йоццуш дIаяьхьначу Ерригроссин «Щит России» конкурсехь толам баьккхина Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» телерадиокомпанин журналиста Дикаева Янинас.

1997-чу шарахь дуьйна шарахь дIахьош ю билгалъяьккхина конкурс.

Ерриге а Россин регионашкарчу 80 телерадиокомпанин журналисташа шайн-шайн белхаш беллера оцу конкурсе. Царна массарна а юкъахь Янинас Соьлжа-ГIалех лаьцна кечйина передача тоьлла лерина.

Иза цхьана Янинин толам хилла а ца Iаш, вайн республикин толам а, вайна боккха юьхькIам а бу. Оцу мехалчу конкурсехь ша дакъалацарх а, толам баккхарх а лаьцна иштта дийцира Я.Дикаевас.

– Телерадиокомпанин куьйгалло цигахь дакъалацар сайх тешийча, гIеххьачул гIайгIане елира со. Иштта мехалчу конкурсехь ас дакъалаьцна а дацара. Ерриге а Россерчу журналисташа дакъалоцуш йолчу конкурсехь айса совгIатан меттиг йоккхур ю бохург дагадеана а дацара. Цундела, толаман меттиг айса яьккхинийла хиъча, суна дикка хан ийшира оцу толамах теша, – дийцира цо.

Радион хаамийн отделехь масех шарахь болх бина ю Янина. Тематикин отделехь цо болх бен дукха хан яц, цундела шена ма-хетта радиопередача нислург хиларна тIехь мелла а шекьюьйлуш яра иза. Цо хаьржинарг уггаре а лазаме тема яра: «БIаьхаллин Сийлаллин гIаланаша тIеман толамна юкъадиллина дакъа».

Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе елла хиларна, цунна лиира, вайн гIалех лаьцна дийца.

Кхин геннара ойланашка а ца юьйлуш, ша тема хар- жаран бахьанех дийцира цо: – Соьлжа-ГIалахь кхиъна ю со. Сан бералла кхузахь дIаяхана. Соьлжа-ГIалина уггаре а хала беана мур цуьнца цхьаьна бийкъира вай. Вайн гIала сайна уггаре а хьоме хиларна хаьржира ас и тема. Иза харжарца цхьаьна, суна карлаелира тIеман хан. БIаьргашна хьалха хIетахьлера сурт хIоьттира: тIом, ларми чохь хан йоккхуш болу нах. Сайн сих и зама чекхъяьлла хиларна, радиопередачи юкъахь ас мел олу дош а сайн дагчуьра схьадолуш долу аз тарлора суна…

Радиопередача кечъечу хенахь, Соьлжа-ГIалех лаьцна суна цахуург дуьйцуш, хьоьхуш, гIо-накъосталла дира журналиста, яздархочо Кусаев Iадиза а, историка, журналиста Хатуев Ислама а, архивни урхаллин белхахочо Батаева Раисас а. Иштта, монтажера Бишаева Розас бина болх а хьахо лаьара суна. ХIора а мукъам вуно лерина хоржуш, оцу передачина юкъа шен дакъа диллира цо. Царна баркалла ала луур дара суна, хIунда аьлча, шайн хан ца кхоош, сайна, гIо дарна.

Оха а даггара декъалйо Янина баьккхинчу толамца. Дала тIаьхье беркате йойла!

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: Дикаева Янина

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: