Беркате доьзал

Масане бу шайн дай баьхначу лаьтте сатуьйсуш, цунах марзо эца хьаьгна бехаш нохчий. Цхьацца бахьанаш а хIуьттий дIабоьлху уьш хийрачу махка. Хийрачу махка хьовха, Нохчийчоьнан дозанал арахьарчу муьлххачу а гIала кхаьчча а, синтем бов, са Нохчийчохь дуьсуш санна хетало.

Иштта, вайн махкахь хьалхара тIом болабелча, 1994-чу шарахь, махках бовлар нисделира ГIойтIарчу ДукаевгIеран доьзалан а. Данне а атта дацара шен махках къаста. Делахь а, Дала яздинчух вала йиш цахиларна Султан а, Малика а, шайн доьзалца, Иркутске кхечира.

Уьш Иркутске кхачар бахьана долуш, цигара дуккха а нохчий паргIат бевлира. Цигахь мел бехачу нохчашна шайга далучу агIор ахчанца, тIеюхучу бедаршца гIо-накъосталла дира цара. Хийла цигахь чувоьллинарг аравоккхуш а дакъалецира. ЦIахь бисинчу гергарчарна, бевзачарна иштта гIо дира. Шайна тIенисъеллачу муьлххачу а халонех, харцонех къар ца луш, доьналлица чекх а бийлина уьш.

Церан 5 доьзалхо вара: 3 йоI а, 2 кIант а. Оцу муьрехь хIора а ден-ненан дагахь шен доьзалхо кханене муха воккхур вара-те дара. Кхиболчу нийсархойшна юкъахь шайн доьзал эшна хетарна кхоьруш, шайн ницкъ а, могашалла а ца кхоош къахьийгира Султана а, Маликас а.

Султан цхьа шатайпа стаг ву, лела хууш. Цуьнан хIусамнана Малика а ю, шех ала диканиг бен доцуш, оьзда стаг. Уьш бевзачу наха царах диканаг бен олуш хезара а дац. Шаьш дIаболийна болу некъ, цIеначу дог-ойланца, хьарам-хьанал къастош, Делан дуьхьа мискачарна гIо дан нийят хилар бахьана долуш, шаьш лоьхучу диканна тIенисбира уьш Дала.

Ца моьттучу агIора аьтто а бира: Къилбаседа Корейн пачхьалкхан уггаре а баккхий хьаькамаш бевзира царна шайна бизнес бахьана долуш. Цул тIаьхьа шаьш лелош болу некъ цаьрца цхьана хьанал лело лаам хилира церан. ХIинццалц толмаж цхьацца нах хиллехь а, хIинца церан маттах дика кхеташ, иза хууш бу уьш. Корейцаш хьаша-да чIогIа лерина тIеоьцуш, цуьнан ларам беш а бу. Иштта вай долчу Нохчийчу хьошалгIа а богIу уьш.

2004-чу шарахь берашка дешийта аьтто хилийтархьама, Москвахь петар а эцна, Москван пачхьалкхан университете деша хIиттийра уьш. Бераша дика а доьшура, шайн дас-нанас хьоьгучу къинан хама а бора.

Нохчашна юкъахь Iийна бацара аьлла а ца Iаш, нохчийн мотт дика буьйцуш а, безаш а бу уьш. Воккхах волу кIант 2011-чу шарахь оцу университетехь юридически факультет чекх а йоккхий, шен доьзалца Нохчийчу цIа воьрзу. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан суьде балха хIутту.

Султан а, Малика а кест-кеста хуьлу Нохчийчохь. Цара дийцарехь, иштта паргIатонаш йолчу вайн Нохчийчохь ваха данне а хала дац.

Л.ЮСУПОВА

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: