Сан нохчийн мотт

Хьо ца лоруш, хьо ца буьйцуш,
Мохк а, мотт а соьмах бухку,
Хьуна къиза кхел кхайкхийна
Дуьнен тIехь хьо ца хилийта…

Сийначу стигланийн тийналлехь
Олхазарийн эшарш санна,
Ломах дуьйлу шовда санна,
Нохчийн мотт, хьо зевне бека!

Маьлхан зIаьнарш хьанал йинчу,
И зезагийн аренашна санна,
Кийрахь нохчийн дог долчунна
Хьанал бина вайн мотт Дала!

Хьо бекалахь, сан ненан мотт,
Кху дуьненан массо маьIIехь!
Хьо кхуьийла, сан нохчийн мотт,
ЦIийх дIауьйш бераллехь дуьйна.

ДЖАБРАИЛОВА Азман

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: