Республикин юкъараллица цхьаьнакхийтира

IMG_4142

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь  юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей а, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министр Кузнецов Лев а Нохчийн Республикин юкъараллица цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалахь.

Иштта цигахь дакъалоцуш вара Дагестан Республикин Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Россин Федерацин спортан, туризман, кегийрхойн политикин министран заместитель Нагорных Юрий, Нохчийн Республикин юкъараллин организацийн векалш.

С.Меликовс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь машар дIахIотторехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас доккха дакъалаьцна хилар.

– Нохчийн Республика йоццачу хенахь баккхийчу кхиамашка кхаьчна. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къахьегар бахьана долуш баьхна  и кхиамаш. И вайна даима а дагахь лаьттар ву, – бохура С.Меликовс.

Пачхьалкхан Куьйгалхочун векала дийцира, Нохчийн Республика Россин Федерацин уггаре а тоьллачу регионех цхьаъ йина волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна массо а агIор гIо дан деза.

Къамел дIахьош, республикин юкъараллин векалийн аьтто хилира хаттарш дан. Россин Федерацин цхьайолчу регионашкахь маьждигаш цахилар хьахийра гулбеллачара. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, иза меттигехь болчу куьйгалхойн ледарло ю. Ткъа Нохчийчохь массо дин кхиорна тIехь беш белхаш бу.

– Нохчийн Республика дуккха а динаш а, къаьмнаш а долуш регион ю. Дукхах болу бахархой бусалба белахь а, керста нехан гIуллакхашка а тхо лерина хьовсу. Соьлжа-ГIалахь килс ю. Иштта республикин Невран а, Гуьмсан а, Шелковски а, Соьлжан а районашкахь еш а  килсаш ю. Массо а дин оха цхьатерра тидамехь латтош ду, – бохура Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхарехь, Россин Федерацин Президента Путин Владимира гуттар а чIагIдо Россехь массо а дин цхьатерра кхиа бакъо йолуш хилар. Делахь а Ставрополехь а, Вороженехь а, Волгоградехь а маьждигаш дан бакъо ца ло меттигерчу куьйгалхоша..

Цхьаьнакхетарехь Россин Федерацин спортан, туризман, кегийрхойн политикин министран заместитела Нагорных Юрийс билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь Къилбаседа Кавказан къаьмнийн культурийн а, спортан а фестиваль дIаяхьар чIогIа мехала хилла. И тайпа мероприятеш сих-сиха дIаяхьа еза. Цо къаьмнашна юккъера уьйраш чIагIйо.

Р.Абдулмуслимов

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: