Мангалан (июль) беттан 15-гIа де, 1942-гIа шо. Веданан кIоштан Дишни-Веданахь вина Загаев Iамир, Росин Федерацин Турпалхо. Бераллин а, кхиаран а шераш чекхдевлла Юккъерчу Азехь (дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь).
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина Дишни-Веданерчу юккъерчу школехь (оьрсийн меттан, литературин хьехархо, дешаран декъехула директоран заместитель волуш), Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (педагогикин кафедрехь лакхара хьехархо волуш).
Иштта, шен дерриге а дахар къоначарна Iилма Iаморна, уьш кхетош-кхиорна дIаделла вара Iамир. 1996-чу шеран бIаьста Веданан кIоштан администрацин куьйгалхо чIагIво иза. Бусалба динах байракх а йина, Нохчийчохь тIеман цIе марсайохучу зуламхошна онда дуьхьало йора I.Загаевс. Оццу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь церан карах кхалхар а хилира цуьнан.
2003-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь Россин Федерацин Президентан Указаца шен белхан а, граждански а декхарш кхочушдарехь гайтинчу хьуьнаршна а, доьналлина а Россин Федерацин Турпалхочун цIе елла Загаев Iамирна.
Мангалан (июль) беттан 15-гIа де, 1952-гIа шо. Алма-Атан областан Чилик юьртахь вина Хазбулатов Бекхан, филологин Iилманийн доктор, профессор. 1976-чу шарахь чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тIаьхьа болх бо Девкар-Эвлара №2 йолчу юккъерчу школехь хьехархо, классал арахьарчу кхетош-кхиоран белхан вовшахтохархо, директор волуш
(1976–1982-гIа шераш).
1984-чу шарахь оьрсийн меттан, литературин кафедрин ассистент волуш дIадоладо хьехархойн институтехь болх бар. Сиха хуьлу цуьнан кхиаран тIегIанаш тIехула хьалавийлар: ассистент – доцент – кафедрин профессор – филологин факультетан декан. 1995-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан ректор хоржу.
Карарчу хенахь Нохчийн Республикин Парламентан депутат ву Б.Хазбулатов. Тахана Б.Хазбулатов лексикин а, дошкхолладаларан а декъехь дика вевзаш говзанча ву. Iилманан 100 гергга белхан автор ву иза, шайна юкъахь йиъ дешаран пособи а, цхьа монографи а йолуш. Iилманча дика лараво Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран Кхеташонан куьйгалхочун декхаршца а.
Республикехь лакхара дешар меттахIотторехь цо бинчу белхан лаккхара мах хадош, Б.Хазбулатовна елла «Россин Федерацин лакхарчу корматалле дешаран сийлахь белхахо» знак а, К.Д.Ушинскийн цIарах йолу мидал а, «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а , иштта кхин совгIаташ а.
Мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 1968-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Самадов ИбрахIим, СССР-н спортан хьакъволу мастер, езачу атлетикехула дуьненан чемпион.
1985-чу шарахь дуьйна йовза йолало И.Самадовн цIе спортан дуьненахь. Кегийрхошлахь Россин чемпионатехь кхоалгIа меттиг йоккху къоначу спортсмена оцу шарахь. ШолгIачу шарахь кегийрхошлахь СССР-н чемпионатан толамхо хуьлу. Цул тIаьхьа наггахь турнир дIа ца йоьду ИбрахIима кхиамца дакъа ца лоцуш.
Къаьсттина беркате деара цунна 1991-гIа шо. Цкъа хьалха Донецкехь дIаяьхьначу СССР-н чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху цо. Цул тIаьхьа Германехь хиллачу дуьненан чемпионатехь сийлаллин уггаре лакхарчу тIегIане волу (езачу атлетикехь нохчашлахь дуьххьара).
Иштта кхиаме доладелира 1992-гIа шо: Европин чемпион, СНГ-н пачхьалкхийн чемпионатехь хьалхара меттиг. Деккъа спортан ирс ца тоьира Барселонехь дIадаьхьначу Олимпийски ловзарийн чемпион хила. Кхаа спортсмено двоеборьехь цхьатерра йозалла айъира – 370 кг. ТIаккха толамхо шайн йозаллин бараме хьаьжжина къастийра. Вукху шиннал 50 гр. веза хиллачу ИбрахIиман Олимпиадин йоьзачу мидалх тоам бан дийзира. Амма Олимпийски ловзаршкахь кхоалгIа меттиг а боккха кхиам бу.
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо