Дзюдо
Польшин Гдыня гIалахь дIадаьхьира 21 шаре кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна юкъахь дзюдохула Европин кубкан къийсадаларш.
18 пачхьалкхера 335 спортсмен вара цигахь дакъалоцуш, шайна юкъахь 12 дзюдоистах лаьтташ хилла Россин вовшахтоьхна команда а йолуш.
Къийсадаларийн жамIашца хьалхарчу меттехь ю Россин команда. Ерриге а 9 мидал яьккхина вайн дзюдоисташа: 4 – дашо, 1 – дато, 4 – йоьзан.
Дашо мидал яьккхинчарна юкъахь ву нохчийн дзюдоист Хожалиев Аюб. Йозаллин барам 66 кг. йолчу спортсменашлахь финалехь цо эшийра Францера дзюдоист Жак Даниэль.
ПаргIатчу кепара охьатохархлатар
Дагестан Республикин Каспийск гIалахь чекхъяьлла Алиев Iалин цIарах йолу паргIатчу кепара охьатохархлатархойн дуьненаюкъара 48-гIа турнир.
Къийсадаларшкахь боккхачу кхиаме кхаьчна охьатохархлатархойн «Ахмат» клубан векал Гойгереев Бекхан – йозаллин барам 61 кг йолчу спортсменашлахь хьалхара меттиг яьккхина цо.
Турнирехь дакъалоцуш яра Азербайджанера, Белоруссера, Казахстанера, Украинера, Бразилера, Италера, Монголера, Эквадорера, ткъа иштта Россин регионашкара 14 команда.
Инстаграмерчу шен агIонехь оцу кхиамца Бекхан декъалвира Нохчийн Республикин охьатохархлатархойн федерацин президента Сайтиев Бувайсара.
А.ХАКИМОВ
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо