Органан чIож ган лаьа туристашна

Говзачу суртдиллархочо уггаре а хазачу басаршца диллина сурт санна исбаьхьа бу вайн мохк. Иза иштта кхузахь дехачу вайна хеташ хилла а ца Iа, денна схьаоьхучу туристийн бараме хьаьжча а, цара вайн махках лаьцна шайна хетарг дуьйцуш интернетан «машанехь» юьтучу вайн мехкан хазаллех хьоьгуш язйинчу комментарешкахь а го.

Нохчийчу кхача луурш дуккха а хиларна, туристийн хьашташ кхочушдеш масех туроператор ю вайн махкахь. Царах цхьаъ ю туризмехула а, экскурсехула а йолчу Пачхьалкхан унитарни «Тур-Экс» туш. Цуьнан коьртачу директорца Батаева Элиница цхаьнакхийтира «Даймохк» газетан корреспондент.

Цо довзийтира туьшо дIахьош долчу гIуллакхех лаьцна.

– Элина, телевизорчухула а, интернетехула а «Тур-Экс» туьшан тидам бар хуьлу тхан, хIора денна шуна тIебогIучу туристийн барам алсамбовлуш хилар а хаало. Шайн туьшан истори йовзийтахьа тхуна, маца, муха дуьйладелла шу болх бан?

– 2014-чу шарахь дуьйна болх беш ю дуккха а декхарш кхочушдеш йолу «Тур-Экс» туш. Ткъа туроператор санна – 2016-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна.

Вайн махка бахка лаам болуш дуккха а нах хилар гуш, царна кхуза бахка а, лела а кхоьллина хьелаш цахиларна, оцу декъехь болх дIакхехьа а, вайн республикехь туризм керлачу тIегIане яккха а болчу лаамца кхоьллина ю оха хIара туш. Тхайн дуьххьарлера туристаш даккхийдерца тIеийцира оха. Юхьанца дуккха а халонаш тIеIитталора, цхьа а хIума девзаш дацара, кхачамбацарш а хуьлура. Таханлерчу дийнахь оцу дерригенах а чекхдевлла, дуккха а туристаш тIе а лаьцна, кхиъна догIу, хIинца самукъа а долуш бо болх.

– Юккъерчу барамехь маса турист тIелаьцна хир ву шун туьшехь? Йоккха башхалла хаалой хIокху шарахь дIадахначу шерашца дуьстича?

– 2015-чу шарахь 28 эзар сов туристан хьашташ кхочушдина оха. 2016-чу шарахь 40 эзар герга турист тIелаьцна. Карарчу шеран ялх баттахь Нохчийчу баьхкинчу туристийн барам 40 эзарал алсам баьлла («Тур-
Экс» туьшехь тIелаьцначу туристийн барам бу иза. Туристийн-хаамийн «Visit Chechnya» туьшан хаамашца 2016-чу шарахь Нохчийчу баьхкинчу туристийн барам 80 эзарал алсамбаьллера).

ХIора шарахь а алсамболуш бу церан барам, иза иштта хилийтархьама туристашна бегIийла хьелаш кхуллуш ду тхо.

– Дукхахьолахь стенгара хуьлу вайн махка богIу туристаш? Дуьххьара аш кхочушдеш долу хьашташ муьлхарнаш ду?

– Меттигерчу а, тIебаьхкинчу а туристийн хьашташ кхочушдо туьшо. Ткъа туристаш дуьненан массо а маьIIера схьабогIий хуьлу.

Ерриге а Россера а, СНГ-ра, Европера а туристаш кхочу Нохчийчу. Кхечу пачхьалкхашкара 10-15 % туристаш хуьлу дукхахьолахь. Германера а, Польшера а хуьлу.

Нохчийчу схьаькхаьчначу туристашна уггаре а хьалха маьхза туристийн некъаш, тхайн туьшо кхочушден хьашташ довзуьйтуш консультацин кепехь семинар дIахьо оха. Туристаш тхан хьелашна реза хилахь, шаьш кхузахь яккха лерина хан тхоьх тешайо цара.

– Элина, шайн туьшо туристашна кхоьллинчу хьелех лаций дийцахьа.

– Туристашна кхуза схьабахкале оьцучу билеташна тIера цара буучу кхачанна тIе кхаччалц дерриге а юкъадогIу тхан туьшо кхочушдечу хьашташна.

Туристийн «Тур-Экс» туьше баьхкинчул тIаьхьа, цхьана а хIуманна сагатдан а ца дезаш, дерриге а тидаме эцна, царна бегIийла хьелаш кхоьллина оха. Масала, вайн республикехь 26 хьешацIа ду, хIора а шен-шен башхалла йолуш ду. Цундела, церан мехаш, хьелаш довзуьйтуш консультаци дIахьо оха, шайн бегIийла хеттачохь совца аьтто бу туристийн.

Иштта, 19 тайпана экскурси дIахьо оха. Царна юкъахь ду Соьлжа-ГIаларчу а, Устрада-ГIаларчу а, Гуьмсерчу, Хьалха-МартантIерчу маьждигашка, хIолламашка, самукъадаккхаран комплексашка, паркашка, музейшка уьш бигар. Туристаш къаьсттина сатосий хуьлу лаьмнашца йолчу меттигашка кхача. Цундела Нохчийчуьра Iалам довзуьйтуш йоккха программа а ю тхан. Вайн лаьмнех, аренех Iаламат баккхийбеш хуьлу уьш. Ца Iебаш суьрташ, кинош йоху.

Кхин а тайп-тайпана тураш ю тхан туьшан: «Кавказан экзотика», «Студенческий», «Кулинарный», «Керлашеран». Уьш хIора а шен-шен башхаллаш йолуш ю, туристаша езаш тIеэцна а ю.

– Карарчу хенахь керла некъаш «дехкиний» шун туьшо?

– ХIокху шарахь керла туристийн некъаш ду тхан схьадиллина. Карарниг Экологин шо хиларе терра, иза хьесапе а оьцуш хIоттийна проект ю тхан. Школашкарчу дешархошна Шуьйта кIоштан Iалам довзийтарна лерина ю иза. И проект Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна вовшахтоьхна ю, берийн каникулаш йолчу хенахь дIаяхьа лерина ду тхо иза. Таханлерчу дийнахь проект кхочушъян кийча ю тхан туш, тхайн дуьххьарлерчу дешархошка хьоьжуш ду тхо.

ХIинццалц туристаш уггаре а хьалха Къоьзан-Iома тIе, Органан чIоже, этнографин «Шира-КIотар» музей, «ДIонди-Юрта» кхача лууш хуьлура. ХIокху шарахь схьайиллина «Шира-Бена» ю. Уггаре а хьалха цига кхача сатосий хуьлу уьш, хIунда аьлча хаза Iалам ду цигахь, цул сов экстриман спорт хазахетачу туристийн Iаламат чIогIа самукъадер долуш меттиг а ю иза.

Спортан а , могашалла Iалашъяран а, самукъадаккхаран а «Соьлжа-ГIалин хIорд» комплексехь садаIа луурш а хуьлу дуккха а. Иштта, герггарчу хенахь схьаелла лерина зезагийн аре а ю «Грозный-Сити» комплексана уллехь.

– Туристашна уггаре а хазахета некъаш муьлхарнаш ду? Муьлха меттигаш ган лууш хуьлу уьш?

– Нохчийчоь иштта йоццачу хенахь меттахIотторах цецбуьйлуш хуьлу вайн регионе кхаьчна хьеший. Цара ма-аллара, хIоккхулла дагна аьхна меттиг ца хета царна цхьанхьа а. Туристашна юкъахь уггаре а гIараяьлларг вайн Соьлжа-ГIала ю. Бакъду, лаьмнашца йолу меттигаш гиначул тIаьхьа хьежамаш хийца-м ло церан. Уггаре а хьалха, хIолламех а, гIалин урамех а бIаьрг тоха арабовлу уьш, цул тIаьхьа оха кIошташка дIасабуьгу уьш.

Туристашна лаарна, уггаре а хьалха Веданарчу Къоьзанан-Iома тIе, кхийолчу меттигашка а буьгу. Нохчийчу веана муьлхха а турист ша кхузара цIаверзале ширачу юьрта ЦIой-Пхьеде кхача сатесна хуьлу. Иза вайн маршрутана юкъахь уггаре а гена меттиг ю, тIекхача хала а ю.

Иштта, Итон-Кхаьлларчу ширачу бIаьвнашка хьовса лууш, Нихалара чухчареш ган лууш, Шуьйта боьдучу некъаца йиначу шина бIовна тIекхача лууш, иштта Органан чIож шайн бIаьргашна ган лууш а хуьлу туристаш.

– Элина, бусулбанаш дукха хуьлий Нохчийчу бахка лууш? Уьш зераташка, маьждигашка буьгий?

– СНГ-ра, Герггарчу Малхбалера а, Европера а дуккха а бусалба туристаш богIу вайн махка. Уггаре а хьалха, цара ма-аллара, кхузахь дуй хууш «Хьанал» ду дерриге а, даарш, кхидерг. Шайн дагна хIара мохк аьхна а, хаза а хеташ хилар билгаладоккху бусалбанаша а. Бусалбанаш зераташка буьгуш леррина маршрут ю тхан туш схьайилличхьана а.

– Арахьара цхьа а брендаш юй «Тур-Экс» туьшаца зIенаш латтош?

– Россехь гIараяьллачу «Tez Tour», «Алеан» туристийн операторш бу вайца юххера зIенаш латтош, цара шайн компанешкахула дуккха а туристаш схьахьовса бо Нохчийчу. Ерриге а Къилбаседа Кавказехь йолчу субъекташна юкъахь иштта юххера зIенаш вайн регионаца бен яц церан, иза боккха кхиам бу аьлла хета суна.

– Цкъа вайн махка баьхкина туристаш шолгIа баьхкина меттигаш хуьлий?

– Дера хуьлу, шолгIа а кхоалгIа а, доьалгIа а баьхкина меттигаш а-м. Шайца шайн бевза-безарш а балош юхабогIий, царна дерриге а гайта гIерташ хьийза уьш.

Ишттачара шайн ойланаш йовзуьйту тхуна. Дийнна шарахь Нохчийчу кхача сатесна дара шаьш бохуш хуьлу. Кхузара Iалам, культура, нах Iаламат дика хилар а, даго чIогIа тIелоцуш меттиг хилар а чIагIдо цара.

Кхин цхьа хIума а билгалдоккху туристаша, къаьсттина лаьмнашца йолчу меттигашкахь, шаьш кхаьчначу муьлххачу хIусамехь а маьхза шаьш тIелоцуш хилар, шайн долахь долу дерриге а хIума гойтуш, дуьйцуш, сагIанах кхетийта лууш нах хилар.

Вайн гIиллакхех къаьсттина цецбовлу уьш, хазахета царна уьш, вовшашка дуьйцуш хуьлу шайца лелийначу хазачу гIиллакхех лаьцна.

– Дела реза хуьлда, Элина, шайн туьшо беш болу болх бовзийтарна!

– Вайн массарна а хуьлда Дела реза!

Хь.БАХТАЕВА

Суьрташ тIехь: Батаева Элина туристашца цхьаьна

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: