Хасбулатов Ямлихан

Республикехь хилла ца Iаш, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш ву яздархо, поэт Хасбулатов Ямлихан. Поэзи езаш болчара билгалдоккху, кхечу яздархойх, поэтех къаьсташ, Ямлихан яздаран шен хатI, башхалла йолуш хилар. И бахьана долуш шена тIе боккха тидам бохуьйтуш ю Ямлиханан литературин кхолларалла.

Я.Хасбулатов вина 1935-чу шеран хьаьттан (август) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Нохчий, гIалгIай махках баьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIабохуьйтучу хенахь Ямлихан школехь 2-чу классехь доьшуш вара.

ДIабахийтинчохь Къилбаседа Казахстанан областерчу Полудинскан кIоштан Скворцовск юьртахь Iийра. Циггахь чекхъяьккхира юккъера школа. Дийшира Алма-Атарчу кооперативни техникумехь. 1955-чу шарахь иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа дийшира Казахийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.

Цигахь цо караерзийра оьрсийн меттан, литературин корматалла. Цул тIаьхьа белхаш бира Полудинскан кIоштарчу колхозехь а, ткъа иштта Алма-Атан областерчу горкоопторган махлелоран отделан куьйгалхо хилла а. Оцу шерашкахь Алма-Ата баха схьабаьхкира ХасбулатовгIар.

1957-чу шарахь «Къинхьегаман байракх» газете балха вахара. И газет нохчийн маттахь 1955-чу шарахь дуьйна арахоьцуш дара. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика метта а хIоттийна, нах Нохч-ГIалгIайчу цIа эха буьйлабелча, «Къинхьегаман байракх» газет дIакъевлира.

1956-чу шарахь казахийн радиохь кIиранах 10–15 минот хан елла, схьайиллира нохчийн передачийн редакци. ХIетахь цуьнан редактор вара нохчийн цIеяххана вевзаш волу яздархо, друматург Хамидов Iабдул-Хьамид. Республика меттахIоттийначул тIаьхьа массарал а хьалха цIа бахка бакъо елира культурин, искусствон белхахошна а, халкъан бахаман говзанчашна а, республика меттахIотторехь шайх пайдаэца билгалбинчу кхечарна а.

А.-Хь.Хамидов а вара хьалха цIабогIучаьрца. Ткъа радион нохчийн редакцин куьйгалхо хIоттийра Я.Хасбулатов. 1963-чу шарахь ша Соьлжа-ГIала цIаверззалц цигахь нохчийн передачаш кечйира Ямлихана.

Ша цIавеанчул тIаьхьа «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан культурин отделе балха веара Ямлихан. Iамо ца дезаш, редакцин болх дика бевзара керлачу белхахочунна. Цунна хаьара муьлха материал муьлхачу жанрехь язъян еза, газетдешархочун еша догдогIур долчу кепара иза кечъян.

Ямлихана, дукха хьолахь, яздора дешаран, культурин, спортан белхахойн, нохчийн къоман гIиллакхийн, оьздангаллин, кегийрхой гIиллакх-оьзданга ллехь кхетош-кхиоран хьокъехь. Къаьсттина шатайпа марзо яра цуьнан литературин, поэзин векалшца, церан кхоллараллица.

1966-чу шарахь редакцин куьйгалле дехар дина, республикин телевидене дIавигира Ямлихан. Цигахь редакторан, лакхарчу редакторан, коьртачу редакторан белхаш бира, 1994-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь, халкъан мостагIаша зулам чудеана, кегарий болабаллалц.

Ямлихана хала лайра вайн махкахь хилла тIемаш. Цара дина дохораш меттахIитторна шен ницкъаш ца кхоош, дакъалаца кийча вара иза. ТIемаш Соьлжа-ГIалара арабевллачул тIаьхьа, 2000-гIа шераш дуьйлалуш, цуьнан дIадолорца меттахIоттийра республикин Яздархойн союз. Цу тIехь доккха гIо-накъосталла дира тIаьхьа Нохчийн Республикин хьалхара Президент а, Россин Турпалхо а хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Яздархойн союз вовшахтоьхна ца Iаш, масех шарахь цуьнан правленин председатель а вара Ямлихан.

Я.Хасбулатов миччанхьа а балхахь хилча а, цуьнан дахаран, къинхьегаман новкъахь гуттар а коьрта, хьалхарчу меттехь яра литературин кхолларалла. Цо шен стихаш язйора цIахь садоIуш а, новкъа воьдуш а, балхахь а.

Ямлихана шен хьалхара стихаш язйира шен 14 шо долуш, дуьххьара уьш зорбане евлира 1957-чу шарахь «Къинхьегаман байракх» газетехь, ткъа цуьнан хьалхара книга зорбатоьхна, арахецна 1969-чу шарахь, «Дегайовхо» аьлла цIе а йолуш. Цул тIаьхьа араевлла «Лекха цIе», «Кхокханан йиш», «Къан ца лун мерзаш», «Лаьттан йозалла», оьрсийн маттахь – «Лекха цIе», «Кхокханан илли», «Седарчийн кор», кхийолу а гуларш, ерриге а иттех сов книга. Ямлиханан стихаш иштта зорбатоьхна, араевлла «Нохч-ГIалгIайн поэзин антологехь», «Нохчийн поэзин антологехь», оьрсийн маттахь – «Къилбаседа Кавказан халкъийн литературийн антологехь», Москвахь а, Ленинградехь а, кхечу гIаланашкахь а «Молодая гвардия», «Аврора», «Нева», «Байкал» журналаш тIехь а, «Поэзия» альманаха тIехь а.

Стихаш язйина ца Iаш, поэта боккха болх бира халкъан бартакхолларалла гулъярехь а, зорбатохарехь а. Цо вовшах а тоьхна, зорбатоьхна, арахийцира халкъан лирикин иллийн а, эшарийн а «БIе мукъам» цIе йолу гулар.

Поэтан хьалхара стихаш махках даьхна, дIадахийтина хиллачу нохчийн, гIалгIайн халкъийн сингаттамах а, цара дай баьхначу махка сатийсарх а лаьцна яра. Цуьнан цул тIаьхьарчу произведенеш тIехь гуш ду махкахь а, дуьненахь а хуьлуш долу цхьа а гIуллакх, хуьлда иза Америко Вьетнамехь бина тIом, Нохчийчохь хилла тIемаш, поэта тIе тидам ца бохуьйтуш дисина цахилар.

Ямлиханан дуккха а байташ иллешка йирзина, вайн дуккха а артистийн репертуарашкахь ю.

Диккачу хенахь цхьаьна болх бина а, вовшашна лулахь дехаш долуш а, Ямлиханан доьзал дика бевзаш бу. Шайн дайшкахь дуьйна оьзда баьхна а, нахаца тарлуш а хилла ХасбулатовгIар. ХIинца а бу уьш лулахойн а, уьш бевзачеран а къаьсттина сий-ларам болуш.

Билгалдоккху церан вовшашна юккъехь а юххера, мерза гергарло хилар. Церан да Iимран нохчий цIерабахале хьалха «Красный молот» заводан кадрийн отделан куьйгалхо а, «Ермоловский» совхозан директор а хилла.

Казахстанехь Ямлиханан нанас Жовзана тIехь да воцуш кхиийра кхо кIант а, цхьа йоI а. ТIаьхьа царах Нохчийчохь хилла ца Iаш, цуьнан дозанал арахьа а дика бевзаш болу пачхьалкхан гIуллакххой, Iилманчаш хилира. Воккхах волу Ямлихан цIеяххана яздархо, поэт ву. Асланбек историн Iилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор вара, Зулай историн Iилманийн доктор, университетан доцент ю. Ткъа Руслан экономикин Iилманийн доктор, Россин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, 90-чу шерашкахь РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель вара.

Ала деза, Хасбулатов Ямлихана нохчийн литература, журналистика кхиорна йоккха хазна юкъайиллина хилар.

С.МАГОМАЕВ

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: