Халкъалахь яха йисина пьеса

(Хамидов Iабдуллас «Лийрбоцурш» пьеса язйина 50 шо кхаьчна)

Нохчийн къоман литература, культура кхиаре сатуьйсуш дукха къахьегна ву артист, драматург, поэт, яздархо Хамидов Iабдулла. Нохчийн ширачу юьртахь Йоккхачу АтагIахь ворхI класс чекхъяьккхина, Энахишкахь хиллачу хьехархойн курсашкахь доьшуш волуш кхоллало цуьнан театре безам.

Кхиамца курсаш чекхйохий, Йоккхачу АтагIа хьехархочун балха ца воьдуш, Соьлжа-ГIаларчу театрехь актеран болх бан соцу жима стаг. Масех спектаклехь дакъалоцу цо. Амма, жима стаг гIаравала кхиале, 1938-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхой Москварчу театральни институте деша хьовсабо.

Оцу тобанна юкъахь массарал жима вара 1920-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Хамидов Iабдулла. Оцу институтехь кхин цхьа «лазар» гучудолу вайн турпалхочуьнгахь. Иза литературица доьзна дара. Студент волуш гочйина Хамидов Iабдуллас Шекспиран, Шиллеран, Мольеран говзарш. Амма, дешар чекхдоккхийла ца хилира вайн махкахойн.

Немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелатарца дIаболабелира 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь инзаре буьрса тIом. Театран институтехь доьшуш болу вайнехан дукхах болу студенташ, дешар дитина, тIеман ара дIабахара. Ткъа курсан староста волу Татаев Ваха а, цуьнан тешаме накъост Хамидов Iабдулла а, шайца доьшуш хилла вайнехан мехкарий балош, Соьлжа-ГIала цIабирзира. ЦIабирзинера аьлла мукъа Iойла-м ца хилира церан.

Къилбаседа Кавказан массо а маьIIе кхочуш, хала некъаш гездира цара, шаьш вовшахтоьхначу артистийн тобанца, ЦIечу Эскаран бIаьхошна концерташ хIиттош. И болх хьуьнаре дIабахьарна Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу Советан сацамца «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист» сийлахь цIе елира Iабдуллина.

Делахь а, болх дика баро а, сийлахь цIерш тахкаро а кIезиг гIо-накъосталла дира вайнахана къизаллица цIевзина еанчу 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу шийлачу Iуьйранна. Дерриге а халкъ махках даьккхира.

23 шо кхаьчначу Хамидов Iабдуллин доьзал а бара оцу декъазчу декъехь. Амма бераллехь дуьйна нуьцкъала амал йолчу Iабдуллас, къар ца луш, хаддаза кехаташ яздора Москвахь болчу Iедалан векалшка, мискачу адамашна тIехь латточу харцонах, вайнахана цIаберза лаарх, Советийн Iедална, цуьнан баьчча хилла хьалхаяьллачу КПСС-на халкъ муьтIахь хиларх лаьцна. Оцу халачу муьрехь вайнехан хелхарийн а, эшарийн а ансамбль кхоьллира цо.

1955-чу шарахь Казахстанехь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет схьадиллинчу нохчийн кхоллараллин интеллигенцица вара иза, оцу газетан Iуналлехь нохчийн маттахь къамел деш радио кхолла
хьуьнар а хилира цуьнгахь. Цхьа кIезиг дакъа бен дац вай хьахийнарг Хамидов Iабдуллас диначу диканех.

Кхин хIумма а цо язйина ца хиллехь а, «Бож-Iела» пьеса бахьанехь халкъалахь яха юьсур ю цуьнан цIе. Амма цо кхин а язйина пьесаш. Уьш ерриге а нохчийн къоман театран сцени тIехь хIитта а йина: «Ломара йоI», «Совдаттий, Дауддий», «Лийрбоцурш».

Карахь долчу 2017-чу шарахь 50 шо кхечи драматурга «Лийрбоцурш» пьеса язйина. Советийн Союзан турпалхочух, вайн махкахочух Нурадилов Ханпашех лаьцна ю иза. Коьртачу турпалхочун васт кхоьллира Омаев Дагуна. Хьовсархоша хазахетарца тIелецира и спектакль.

Къона режиссер Хакишев Руслан вара иза хIоттийнарг. Цул тIаьхьа кхин шозза карлаяьккхина режиссера и спектакль. Вайна гина коьртачу турпалхочун васт Джамаев Iимрана кхоьллина а, къоначу актера Темишев Султана кхоьллина а. Цара массара а, цхьабосса, кхойкху хьовсархой адамалле, къинхетаме, машаре, Даймохк безаре. Доьналла, майралла гойтуш мостагIех лета вайн махкахо. Даймехкан сий лардеш шен къона дахар дIало Ханпашас массо а ханна, хьовсархойн дегнашкахь ваха вуьсуш.

Иштта бина вайн махкахоша тIом. Иштта гойту Хамидов Iабдуллас а тIеман къизалла, эрчо. Амма кхин цхьа тоьгана ду «Лийрбоцурш» пьеси тIехь хIоттийначу спектаклехь. Иза интернационализм хетало тIехула бIаьрг тоьхча. Тайп-тайпанчу къамнийн векалш бу пьесин турпалхой: оьрсий, украинхой, нохчий, гIалгIай, иштта дIа кхин а.

Иза ларамаза дац. Шегахь йолчу таронца, вайнаха тIом ца бина бохучу хабаршна I.Хамидовс говза хIоттийна зIар ду иза. Луьра мостагI эшалур вацара Советийн Союзехь даьхначу дерриге а къаьмнийн цхьабарт ца хиллехь. Уьш толаман де герга кхачо массо а цхьаъ санна юкъйихкина гIевттина ца хиллехь. «Лийрбоцурш» пьеса кIорггера ойла еш ешча билгалдолу «чухула дина тоьганаш» пьесехь дуккха а хилар.

Масала, луьрачу тIамехь лаьттачу Нурадилов Ханпаше хабар кхочу иза ваьхначу, кхиъначу юьртахь ехаш, цунна дукхаезаш хилла Камета зуламхоша йийна хилар хоуьйтуш. Тамашийна хета иза юьхьанца. Делахь а, урх малйина, ойла хецна йитича, дагадогIу эзарнашкахь вайнехан яхь йолу кIентий мостагIчунна дуьхьалбевлла, тIеман арахь лаьтташ боллушехь, къинхетамза махках даьккхина халкъ.

Хьекъалечу метафоршца ХХ-чу бIешеран 40-гIа шераш юккъе доьлхуш вайнаха бехк боцуш лайна харцо а, цара хьегна къа-бала а гайта гIоьртиний-те яздархо, олий, дагатосу. Даймехкан сий лардеш дIахIиттинчу вайнехан яхь йолчу кIентийн дай-наной ларбан Даймехкан ницкъ цакхачар карладоккху «Лийрбоцурш» спектакле хьаьжча. Ойла юткъайо, бIаьргаш хих дузу, Iедалан векалшна хьалха гIорасиз бисина вайн къаной дагабогIу.

Иштта ойланаш йойту 50 шо халха Хамидов Iабдуллас язйинчу пьесо. Ма дика ду иза хIинца а театран репертуарехь йолуш а, цуьнга хьажа луучун, хьажа йиш йолуш а. 1957-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь хилира цуьнан дуьххьара пре-мьера. Спектаклан исбаьхьаллин ницкъо хIинца а дагахь латтайо иза.

А.ГАЗИЕВА

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: