Шен дарбанечу хишца евзаш йолчу Гуьмсан кIоштарчу Мелчхин йистошкахь могашалла меттахIотторан туш йийр ю. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министраца Кузнецов Левца цхьаьна лакхахь билгалъяьккхинчу юьртахь масех шо хьалха схьайиллинчу дарбанан-могашаллатояран туьше ша ваханчохь.
Гуьмсан кIоште бIаьрг тухуш, цаьрца цхьаьна вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес а, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а.
Л.Кузнецовс дийцарехь, бина болу болх лаккхара мах хадо хьакъ бу. Цо билгалдаьккхира цу тайпанчу курорташа могашалла а, ницкъаш а меттахIитторна дика гIо деш хилар.
«И туш кхидIа а кхио еза, Iилманан лард кхолла еза оцу проектана, нахана цо хIун пайда бийр бу а, муьлхачу цамгаршна дарба далур ду а, адамийн могашаллина дика тIеIаткъам муха бийр бу а къастош. Оцу меттиган башхалла цунна атта тIекхочийла хиларехь ю. Оьшуш мел долу хIума уллехь ду. Кхийолчу меттигел а хIара тоьлаш хиларан уггаре а коьрта бахьана ду иза», – элира Л.Кузнецовс.
Цо билгалдаьккхира дерриге дуьненахь а коьрта тидам цамгаршна профилактика ярна тIебохуьйтуш хилар.
«ХIинца медицинехь коьрта тидам дарба дарна беш бац, цамгарийн профилактика ярна тIехьажош бу. Дерриге а дуьне хIинца оцу некъаца доьдуш ду. Цамгар хьалххе гуча а яьккхина, адам цунах лардан деза, хьалха санна, и цамгар чIагIъяллалц а ца Iаш», – элира министра.
Кавказана кхийолчу меттигел а тоьлаш хила таро луш долчу хIуманех цхьаъ медицинин туризм ю аьлла хеташ ву Кузнецов Лев. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира шеран муьлххачу муьрехь а оцу дарбанан туьше дукха нах оьхуш хилар.
«Тайп-тайпанчу чевнашна дарба дан дезаш нах хуьлу, ноткъа еш, дIа ца йоьрзуш чевнаш йолуш. Цара кхуза а богIий, дарбанечу хица масийттаза юьлу хьу кхетта меттиг, тIаккха иза дика дIайоьрзу. Аллерги йолчу нахана дарба деш долу хиш а ду тхан. Цхьана а молхано гIо ца до, амма хино дарба до», – элира Р.Кадыровс.
Медицинин туризм кхиор экономикин декъехь пайде хирг хиларх ша тешна хилар хаийтира Л.Кузнецовс. Цо дийцарехь, Мелчхехь долу хиш вовшашна уллехь а, атта тIекхочийла долуш а хилар доккха хIума ду.
«Кхуза веанчу стеган езачу меттигашка хьажа а, Хьачара а вахана, лыжашна тIехь хахкавала а, хазачу гIаланех бIаьрг тоха а, Нохчийн Республикин агротуризмах пайдаэцна ца Iаш, луларчу регионашка ваха а таро ю – иза а ма ду доккха хIума», – элира министра.
Мелчхе ваханчохь, дарбанан туьшах а, бассейнех а, кхуза оьхучу нахана леринчу цIенойх а бIаьрг туьйхира, довхачу а, шийлачу а хин хьостанашка а кхечира Р.Кадыров а, Л.Кузнецов а.
А.ВАХАЕВА
№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-ра де, 2017 шо