Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира республикин Парламентан IV-чу кхайкхаман бIаьстенан сесси ерзош. Мероприяти мангалан (июль) беттан 17-чу дийнахь законодательни гуламан цIийнехь дIаяьхьира.
Парламентан Председатела Даудов Мохьмада дийцира депутаташа бIаьстенан сессехь биначу балхах лаьцна.
– Парламентан советан 21 кхеташо а, пленарни 27 кхеташо а дIаяьхьна. Оцу кхеташонашкахь республикин 50 закон тIеэцна, федеральни 737 законопроект а, 39 дIадолор а къобалдина. Иштта, Россин Федерацин субъекташкара кхаьчна болу 28 лехам а къобалбина, – дийцира М.Даудовс.
Законаш дахаран балхал сов, Парламентан Председатела билгалдаккхарехь, депутаташа республикин юкъараллин дахарехь а жигара дакъалоцу. Чекхбаьллачу муьрехь депутаташа 886-зза бахархой тIеэцар а, 1 793-зза бахархошца цхьаьнакхетарш а дIадаьхьна. Оцу мероприятешкахь дакъалаьцна, мел лахара а, республикин 150 эзар вахархочо.
Цул сов, бахархошкара 1 780 дехар а схьаэцна депутаташа. Царах догIучарна шайггара жоьпаш а делла, кхечу ведомствошна леринарш дIаса а хьовсийна.
– Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайга Нохчийн Республикин а, цуьнан халкъийн а дуьхьа къахьега аьлла весет дина. Цундела, цо кховддийначу некъа тIехь республикин а, цуьнан халкъийн а дуьхьа къахьегар ду тхан декхар. Со тешна ву, Ахьмадан Рамзан, хьан гIоьнца, оха кхидIа а къахьоьгург хиларх, – элира Даудов Мохьмада.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана, Парламентан депутаташа жигара болх беш хилар билгал а доккхуш, баркалла элира царна. Цул сов, билгалдаьккхира пачхьалкхан коьртачу институтех цхьаъ республикин Парламент хилар.
– Вайх хIоранна а хууш ду нохчийн парламентаризмана бух биллинарг республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар. Юкъараллин дахарехь законодательни гIуллакхаша мехала меттиг дIалоцуш хиларх дика кхеташ вара иза. Тахана, цхьа а шеко йоцуш, Нохчийн Республикин Парламент кхоллаелла яьлла а, шена хьалха хIиттийначу декхаршца а, шен балхаца а и ларош ю а ала йиш ю, – бохура республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. – Къаьсттина хазахета Парламентан депутаташа законодательни болх бина ца Iаш, бахархошца цхьаьнакхетарш дIахьош хилар. Цо гойту вайн депутаташна шаьш халкъан дакъа хилар хууш а, дезаш а, лоруш а хилар. Иза ишттий бен хуьлийла а дацара, хIунда аьлча, шух хIора а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхо ву. Цундела, кхидIа а, шу «декхарийлахь» ду бахархошца цхьаьнакхетарш дIакхехьа а, оцу цхьаьнакхетаршкахь бахархошка сагатдойтучу гIуллакхашка ладогIа а, уьш талла хьовса а. Кхин цхьа хIума а ду: вайн юкъараллехь доьзалан институт чIагIъярна къаьсттина тидам тIебахийта беза аш а, вай массара а.
Къамелан чаккхенехь республикин Куьйгалхочо дагалецира тахана вайца воцуш волу Абдурахманов Дукхуваха.
– Тахана вайца воцуш, бакъдуьнена вирзина волу Абдурахманов Дукхуваха, шен дегIаца лазар дара аьлла ца Iаш, ша кхалххалц Нохчийн Республикин Парламентан Председателан болх бина а, республикин а, цуьнан халкъийн а дуьхьа къахьегна а ву. Со тешна ву, аш цунах масал оьцург хиларх, – элира Кадыров Рамзана.
И.ИСЛАМОВ
№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-ра де, 2017 шо