Iаьрбийн мехкийн коалицин ницкъийн тIеман кеманаша хIокху деношкахь бомбанаш а, ракеташ а тоьхна Йеменерчу гIаланашна. И бахьанехь лаххара а 20 маьрша стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу. И тохар диначул тIаьхьа Россин МЧС-н кемано оцу махкара араваьккхина 60 гергга Россин а, СНГ-н мехкашкара а вахархо.
***
Филиппинехь стомара террористийн гIера тIелетира мехкан Президентан гIаролна. Зуламхоша герзаш деттар бахьанехь 7 гIаролхочунна чевнаш йина. Зуламхой юха тоьхна. Дийцарехь, царна юкъахь а бу чевнаш хилларш а, байъинарш а.
***
ХIокху деношкахь яккхий цIерш евлла США-н Калифорни штатехь, Албанехь, Черногорехь, Канадехь йолчу хьаннашкахь. ЦIеран кхерамах кIелхьаравоккхуш Канадера 40 эзар стаг ханна кхечанхьа дIакхалхийна. Цкъачунна ницкъ ца кхочу цIерш дIаяйа. ЦIарца къийсам дIабахьарна йоккха новкъарло йо оцу мехкашкахь Iаьткъинчу йовхоно.
***
Болгарин, Желтойчоьнан, Венгрин, Румынин куьйгалхойн барт хилла газотранспортан сеташ цхьаьнатоха, газаца кхачояран гIуллакха тIехь цхьаьна терго латто, еа пачхьалкхехь газах пайдаэцаран мехаш вовшашна герга бало.
***
Евросоюз тIаьхьарчу хенахь Азерчу пачхьалкхашна гIо дарна а, церан экономикина урхалла дарна а алссам тидам тIебахийта йоьлла. Иштта, хIокху деношкахь Евросоюзо 21,5 миллион евро делла Узбекистанна,цигахь бошмашлелор кхиорна гIо даран Iалашонца.
***
Минскехь дIахьош контактийн тобанийн дийцарш а долуш, Украинин Iедалан эскарша 40-зза талхийна машар баран раж. Оцу бакъдолчо тоьшалла до Украинин куьйгалла цхьа а барт ларбан лууш а, ДНР-хь а, ЛНР-хь а машар хуьлийла лууш а цахаларна.
***
«Рособоронэкспорто» хIокху деношкахь «МИ-35» тIеман вертолеташ доьхкина Бразилина а, Венесуэлина а, «МИГ-29» истребительш доьхкина Мисарна. Оцу тайпа кеманаш а, вертолеташ а духкур ду гергарчу хенахь ГIажарийчоьнна а, Индина а, Казахстанна а.
***
Россин Президента В.Путина стомара кхеташо дIаяьхьира мехкан Правительствон декъашхошца. Цигахь коьртачу декъана дийцаре дира регионашна медицинин гIирсашца а, молха-маханца а кхачояран а, медицинин хьашташ кхочушдаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Пачхьалкхан Думехь хIокху деношкахь тIеэцна масех федеральни закон. Царна юкъахь ду ГIирмерчу заемщикийн бакъонаш ларъяран а, йовхонца кхачоярехь реформа яран а, бюджетан керлачу бакъонийн а хьокъехь долу законаш. ЧIагIдайта мехкан Президенте дIадохьуьйтур ду уьш герггарчу деношкахь.
***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс министрийн кабинетан декъашхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира 2018–2020-чуй шерашкахь федеральни бюджетан харжаш яран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цо билгалдаьккхира экономикин хьал стохка дуьйна вайн махкахь толуш хилар.
***
Норвежски хIорда чохь Россин 4 моряк кхалхарца доьзна уголовни гIуллакх долийна мехкан Талламан Комитетехь. ДIахьош ду морякаш кхалхаран бахьанаш талларан а, цунна бехкениг лахаран а гIуллакхаш.
№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-ра де, 2017 шо