ТIаьхьарчу хенахь вайна юкъа яьлла спиннер олу хIума. Аьчкан я пластикан а йолуш, шина пIелгаца схьалаца юккъехь йина нуьйда а йолуш, ши-кхоъ а, кхин а масех са болуш ю иза. Хаддаза карахь и хьийзош хуьлу вайн цхьаболу кегийрхой, товш дацахь а, зудаберашна а марзъелла иза.

Кегийчу берашна тIера баккхийчу нахана тIекхаччалц дукха а нах бу цунах самукъадолуш (нерваш Iехо йина тайниг ю бохуш).
Цхьаболчарна доккха хIума хета иза, спиннер хьийзош шайн сапаргIат долу аьлла хеташ. Ткъа кхечара хIокху кепара туьду и, тайниг нахана марзъярх лаьцна: вуьшта а къинхьегамах дIахаьдда, телефон, планшет бен дуьнен чохь самукъа дала хIума дац моьттуш болчарна, церан йисина мукъа хан а дIаяккха йича санна хета. Вайн кегийрхойн кхетам ца кхиийта боьгIна гур буй те иза?
Лаамза дац, спиннерш аьхка юкъаяхар. Мукъа хан алссам йолчу хенахь, дас-нанас берашна дешар тIехь терго кIеззиг ечу хенахь дIалаьцна церан ойла, хан. Мел чIогIа лерина лелийча а, цхьана кIиранах а бен болх ца бо цо. Цуьнга дукха марзбалар бахьана долуш, ахча делахь а, дацахь а миччанхьара доккхий юха эца езаш хуьлу иза. Кегийчу а, яккхийчу а туьканашкахь и санна дика оьцуш хIума яц. Механа уггаре а йорах ерг 100 сом, ткъа езаниг – 1 000 сом доьхуш ю.
Кегийрхой цуьнга марзбалар дика дац. Цхьа бутт сов хан бен яц школашкахь, ВУЗ-хь, СУЗ-хь дешар дIадоло йисинарг. Шайн дешарна хIумма а саготта дац бераш, церан ойла хьийзочу спиннеро дIалаьцна ю.
Шуна дагадогIа хир ду, дукха хан йоццуш вайн бераш «Сийний кит» олучу интернет-ловзарша Iехийна Россехь а, Нохчийчохь а хилла зуламаш. Лоьраша-психологаша дийцарехь, спиннеро психикина санна, дегIан могашаллина а тIеIаткъам бо. И хьийзорах тоам хуьлий, цхьана меттахь хиъна Iаччохь, масех сахьт даккха тарло.

– Яьлла хаза аьхке ю. Ловза массо а агIор бина аьттонаш бу, кечйина берийн майданаш ю, божаберашна лерина йина футболан майданаш ю. Тхо кегий долчу хенахь тхан иза дан а дацара, делахь а еха аьхке арахь ловзуш, хи тIехь луьйчуш, сарахь лечкъаргех ловзуш, буьйсанна гуллой туьйранаш дуьйцуш дIахьора оха тхайн бераллин суьйренаш. Ткъа хIинцлерчу берех суна даггара къахета. Царна оьшург телефон а, компьютер а бен яц. Уьш цу тIера бохуш, Iехо ницкъ кхаьчнарг спиннер олуш йолу тайниг бен яц. Дукхах болу бехк дай-нанойн хета суна, оцу беранна луъург ца дича мегар дац моьттуш, церан лай хилла лелаш болчу. Цул сов, шаьш а бу уьш цунах самукъадолуш, – дийцира Соьлжа-ГIалин вахархочо Султана.
Спиннеро сингаттам – бала дIаоьцу бохуш верг тиларчу вахана ву. Вай бусалба а делахь, оьздачу халкъан векалш а делахь, тIебеана бала, сингаттам байбан шортта некъаш ду вайна.
Iеламнаха даима а дуьйцуш ду: сингаттам тIебеача Къуръан деша я хьайна и ца хаьахь, кхечо доьшуш ладогIа, фарз ламазех таом а ца беш, суннат ламазаш де, бохуш. Цкъа а тIаьхьа дац Iаьрбийн элпаш Iамо, аяташ деша хьажар. Бусалба динца а, нохчийн Iадаташца а догIуш дац мукъа хан хайр доцуш яйъар. Карахь хьийзош цхьаъ ца хилча ша мегаш воцчо, вайн Мухьаммадан Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ а доьхкуш, суьлхьанаш хьийзо деза. ТIаккха синпаргIато хилла а ца Iаш, ша баьккхинчу мелех самукъа даьлла а ца Iаш, ял а хир ю. Вай спиннер олучу тайнигашца Iехош, шайн хьал-бахам дебош бу цхьаберш. Амма оцу зуламна дуьхьал баккха ницкъ бу вайн, спиннер карор йоцчу дIа а кхоссий, Делан цIарца суьлхьанаш караэцар. Бусалба стаге деана вуон а, дика а пластико дайдийр дац, Делан цIе яхаро бен.
ВЕГИЕВА Макка
№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-ра де, 2017 шо