Къилбаседа Кавказан халкъийн фестиваль

IMG_3993

Соьлжа-Г1аларчу С.Белимхановн ц1арахчу  стадионехь 7-чу августехь д1аяьхьира Къилбаседа Кавказан халкъийн культуран а, спортан а фестиваль. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей, Къилбаседа Кавказан г1уллакхийн министр Кузнецов Лев, Россин Федерацин спортан министран заместитель Нагорных Юрий, иштта кхиболу лараме хьеший.

Регионан Куьйгалхочо ша вистхуьлуш, билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан халкъийн а культурийн а, спортан а фестиваль Россин къаьмнашна юккъехь доттаг1алла а, барт а ч1аг1барехьа боккха хилам хилар.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура, шен къам культурехь а, дешарехь а, спортехь а кхиамаш бахарца довзийта деза. Муьлххачу а къоман шайн спортан ловзарш, эшарш, хелхарш, 1адаташ а ду. Уьш церан культурин мехаллаш ю. Къилбаседа Кавказехь дехаш дуккха а къаьмнаш ду, церан культураш вовшашца йог1уш а ю. Суна фестивалан дакъалацархойн уггаре а хьалха могашалла хуьлийла луур дара, Россина пайден хиндолчу муьлххачу а г1уллакха т1ехь аьтто хуьлийла а луур дара, – элира Кадыров Рамзана.

Кузнецов Лев тешна вара, фестиваль кхоллаелла пхи шо бен дацахь а, Къилбаседа Кавказан къаьмнийн  доттаг1алла цо х1инцале ч1аг1дина хиларх.

Къаьмнийн спортан кепашкахула оцу фестивало Къилбаседа Кавказан халкъашна юккъехь боккха барт бина. Иза иштта хилар тахана майданахь долчу суьрто гойту. Х1ара фестиваль къоначу спортсменийн зеделларг алсамдаккхарна пайден меттиг ю, ткъа кхузахь баьхна толамаш церан спортехь хинболчу кхиамийн бух бу» .

Меликов Сергейна хетарехь, юбилейни фестиваль Нохчийчохь д1аяхьар б1аьрла хилам бу. «Вайна массарна а дагадог1у дукха хан йоцуш Нохчийчохь хилла хьал. Цу хенахь, х1окху тайпана вайн цхьаьнакхетарш хир ду аьлча, цхьа а тешар вацара. Амма Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш вайн х1окху тайпа мероприятеш д1аяхьа аьтто бу».

Россин спортан министран заместителас дийцира вайн республикин олимпиадин чемпионех лаьцна.

«Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь шайн дуьххьарлера г1улчаш яха буьйлабелла олимпиадин хинболу чемпионаш. Тахана со тешна ву, фестивалан декъашхойх дуьненаюкъарчу турнирашкахь толамхой хирг хиларх», – элира Ю.Нагорныхс.

Билгалдаккха лаьа, фестиваль йолаялале, делегацин коьртехь Къилбаседа Кавказан г1уллакхийн министр Кузнецов Лев а, Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь волу, Россин Президентан юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей а волуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Мемориалана хьалха зезагаш дихкина хилар.

Церан къамелаш чекхдевлча даздаран хьолехь д1адаьхьира фестиваль схьаеллар а, цигахь дакъалоцучу регионийн векалш бовзийтар а. Ткъа цул т1аьхьа къийсадаларш д1адаьхьира. Командашна юкъахь кху шарахь а хьалхара меттиг яьккхира Нохчийчоьнан командо.

Цунах а, кхечунах а лаьцна оха дуьйцур ду рог1ерчу номерехь.

А.АБДУЛАЕВ  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: