«Дуьнене неIарш йиллина книго» программа кхочушъеш ю

Хууш ма-хиллара, С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь берашна книгаш ешар марздархьама жигара болх бо цуьнан белхахоша. Къаьсттина аьхкенан муьрехь дукха цхьаьнакхетарш а, конкурсаш а дIахьо цигахь.

Шо шаре мел долу а шаьш кечъечу аьхкенан программи юкъа керланиг дало а хьовсу уьш. Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира оцу библиотекин директоран заместителан Хожаева Дешин.

– Кхузахь муьлхха а цхьаьнакхетар а, конкурс а дIаяхьаран коьрта Iалашо – берийн ешаре марзо кхоллар ю. Берана нуьцкъах книга марзъян йиш ю бохург бакъ дац. Книга еша а, лаам кхолла беза цуьнгахь. ТIаккха бен берийн ойла ешарна тIе а йоьрзур яц. ХIора шарахь аьхкенан леррина программа кечйо оха. «Дуьнене неIарш йиллина книго» аьллачу программица дIаболийна болх. Ешаран зала чохь, яханчу заманахь санна, чIурамаш а латийна, берашна ролаш дIаса а екъна, иштта книгаш а йоьшуьйтуш, шатайпа суьйре дIаяхьа дагахь ду тхо.

Берийн библиотекехь хаза ламаст хилла схьадогIуш ду яздархошца цхьаьнакхетарш вовшахтохар. Оха тидам бина, ишттачу цхьаьнакхетаршкахь яздархочуьнца юьхь-дуьхьал шаьш нисделча, гуттар а самукъадолий, хаттарш а луш, жигара хьаьвза ешархой. Цундела, тIаьхьарчу хенахь оха кест-кеста яздархой кхойкху. Аьхка, бераш школера мукъа долу мур хиларе терра, мелла алсам ешархой хуьлу библиотекехь. Царах дукхахдерш 10 шарера 12 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш хуьлу.

Къаьсттина самукъадолу тхан, школе даханза долу бераш кхуза далийча. Книгаш еша-м царна ца хаьа, амма хIинцале а книгийн шкафашна а, книгашна а юкъахь шайн цIа карийча санна хеташ хуьлу уьш. Ишттачарна лерина туьйранийн маьIиг ю библиотекехь. Иза тайп-тайпанчу тайнигех юьзна ю. Школе даханза долчу берашна чIогIа хазахеташ меттиг а ю иза. Оццул кегий долчу берашна ловзаршкахула бен книга марзлур яц. Оцу Iалашонца цаьрца довзаран ловзарш (познавательные игры) дIахьо белхахоша, – дийцира цо.

Аьхке йолаелчахьана дуьйна дIакхайкхийна ю «Лидер чтения, лето – 2017» аьлла йолу конкурс. Аьхкенан чаккхенехь жамIаш дийр ду билгалъяьккхинчу конкурсан. Аьхкенан муьрехь уггаре а дукха книгаш ешначо толам боккхур бу цигахь.

«Къона шахматист», «Къона суьрташдахкархо» клубаш а ю жигара болх беш. «Оцу клубийн куьйгалхоша Докаев Вахас а, Зармаева Залинас а кIезиг къа ца хьоьгу берашца. Иштта маьIне меттиг дIалоцуш ю «Говза куьйгаш» цIе йолу кружок. Цуьнан куьйгалхочо Идрисова Айзас вуно говза куьйган белхаш бан Iамадо бераш.

Хожаева Дешис дийцарехь, ешархошца кхетошкхиорехь а болх бо библиотекин белхахоша. Къаьсттина аьхкенан муьрехь берашна кхерамазаллин бакъенаш йовзуьйтуш, царна хьехарш до цара.

З.ХАСИЕВА

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: