«Кавказана инвестицеш е» бизнес-сесси дIаяьхьира Нохчийчохь

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира «Кавказана инвестицеш е» цIе йолу кхоалгIа бизнес-сесси. Иза вовшахтоьхнера Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствос Нохчийн Республикин Правительствоца цхьаьна а, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» («КРСК»), «Къилбаседа Кавказан курорташ» («КСК») акционерни юкъараллийн (АО) гIоьнца а.

Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева, цуьнан хьалхарчу заместитела, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин» Директорийн советан председатела Байсултанов Одеса, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, «КРСК» АО-н коьртачу директора Харитонов Сергейс, «КСК» АО-н коьртачу директора Горчев Олега, иштта, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, Нохчийн Республикин Правительствон а, министерствийн а, кхочушдаран Iедалан а, муниципалитетийн а векалша, предпринимательша, инвесторша.

Бизнес-сесси дIахьош вара Россин Федерацин Правительствон Аналитикин туьшан куьйгалхочун хьехамча Резванов НурIела.

Н.Резвановс бизнес-сесси дIайолош цуьнан коьрта Iалашонаш билгал а ехира, и гIуллакх дIадахьаран кеп а, иштта, пачхьалкхан экономикин декъера юкъара хьал а довзийтира.

– Инвестицин проекташ кхиаме хир ю Россехь йолчу ерриге а субъекташа цхьаьна бизнес кхиош хилахь. Вайн пачхьалкхехь болх беш 40 сов федеральни Iалашонан программа а, 20 кхиоран институт а ю, церан буха тIехь болх бар кхиаме хир ду бизнесменашна, – элира модератора.

Хьалхара дош делира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министре Л.Кузнецовга.

Цо билгалдаьккхира бизнес кхиоран хIара тайпа гIуллакхаш дIадахьар пачхьалкхан инвестицийн жигаралла кхиорехь Iаламат мехала хилар.

– Къилбаседа Кавказ 2025-чу шаре кхаччалц кхиоран йолчу пачхьалкхан программехь уггаре а коьрта дакъа дIалоцу инвестицийн гIоьнца кхочушъян лерина долчу экономикин секторо, иштта, предпринимателийн жигаралла лакхаяккхаро, керла дакъош а, белхан меттигаш а кхолларо, – элира Л.Кузнецовс.

Иштта, министра билгалдаьккхира «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» 2025-гIа шо кхаччалц йолчу пачхьалкхан программица доларчу инвестицийн проекташ кхочушъеш гIо лаца дезаш хилар.

– Вайна мехала ду Къилбаседа Кавказехь бизнес шо-шаре даларца кхуьуш хилар. ХIара тайпа бизнес-сессеш дIаяхьар мехала ду вайна, хIунда аьлча, кхузахь дийцаре дан аьтто бу кхочушдан дагалаьцна муьлхха а гIуллакх, – элира цо.

Л.Кузнецовс ма-аллара, тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчоьно яккхий гIулчаш яьхна регионехь инвестицийн проекташ кхочушъярехь: «Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, пачхьалкхан экономикин коьрта дакъош юьрта бахам, туризм ду. Оцу дакъошкахь къахьегар къаьсттина кхиаме хир ду инвесторшна», – элира цо.

Нохчийчоьнан Премьер-министра Эдельгериев Абубакара баркалла элира Л.Кузнецов, «Килбаседа Кавказ кхиоран корпораци», «КСК» АО-н куьйгалхошна «Кавказана инвестицеш е» бизнес-сесси вовшахтохарна а, Къилбаседа Кавказехь инвестицийн проекташ кечъяран гIуллакх лаккхарчу тIегIанехь дIадахьарна а.

– Нохчийн Республикехь инвестицийн проекташ кечъяран гIуллакхаш лаккхарчу тIегIанехь дIахьош ду, царах уггаре а кхиаме проект «Ведучи» ю. Оцу тайпана яккхий проекташ кхочушъярехь дакъалоцуш дуккха а бизнесменаш бу. Баркалла, тхан регионан иштта тидам барна, – элира А.Эдельгериевс.

Иштта цо дийхира бизнес-юкъараллин векалшка регионехь пачхьалкхан гIо-накъосталла оьшучу инвестицех а, билггал болх бечу проектех а лаьцна дийцахьара аьлла.

Модератора Н.Резвановс билгалдаьккхира «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» аьлла йолу программа Россехь цхьаъ бен цахилар а, иза хIокху шарахь дуьххьара кхочушъян йолийна хилар а.

Къилбаседа Кавказехь инвестицеш кхиоран декъехь болх беш болчу векалша дийцира пачхьалкх кхиорна бегIийла хьелаш кхолларх лаьцна. Предпринимательша дийцира бизнес-проекташ кхочушъян оьшучу кредитийн ставкех а, юкъарчу хьолах лаьцна а.

Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министран декхарш кхочушдеш волчу Букулов Руслана регионехь оцу декъехь дIахьош долу гIуллакхаш довзийтира.

– «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран» 2018-чу шеран пачхьалкхан программица нийса а догIуш регионехь 6 проект кечйина (6,8 миллиард соьмана). Регионерчу инвестицийн барам 2016-чу шарахь 2,4 процентана алсам баьлла 2015-чу шарца дуьстича (2016-чу шарахь 62 миллиард сом), – элира Р.Букуловс.

Байсултанов Одеса а билгалъяьккхира дIахьош йолчу бизнес-сессин мехалла.

– Федеральни а, регионан а урхаллин органашна юкъахь зIе латтайо ишттачу гIуллакхаша. Таханлера бизнес-сесси вовшашца зIенаш тасаран хьалхара мур бу. Кхузахь предпринимательш, инвесторш, федеральни а, регионан а урхаллин векалш бу. Церан таро ю довза луург вовшашка хатта а, дийца а, – элира О.Байсултановс.

Бизнес-сессин хьалхара дакъа дерзийначул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан федеральни округан социальни-экономика кхиорехь дакъалаьцна болу Нохчийн Республикин бизнес-структурин куьйгалхой билгалбехира.

Л.Кузнецовс дипломаш делира балхахь билгалбевллачу предпринимательшна, уьш декъал а бира.

Цул тIаьхьа, «КРСК» АО-с, «Энергия Плюс» ООО-ца барт бира цхьаьна гIуллакхаш дан. Кехаташна куьг яздира «КРСК» АО-н коьртачу директора Харитонов Сергейс, «Энергия Плюс» ООО-н коьртачу директора Идрисов Лоьмас.

Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу субъектийн дешаран, туризман, инвестицийн, экономикин, санаторно-курортийн, иштта, хаамийн дакъош кхиоран Iалашонца барт бира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, «ПосетиКавказ» фондо а.

Кехаташна куьг яздира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, «ПосетиКавказ» фондан коьртачу директора Биткова Райфас.

Къилбаседа Кавказан федеральни округехь «Кавказана инвестицеш е» бизнес-сесси дIаяьхьначарех Нохчийн Республика кхоалгIа ю.

Хьалхара бизнес-сесси ГIалгIайчохь асаран (июнь) беттан 29-чу дийнахь дIаяьхьна, шолгIаниг мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь Ставрополан крайхь, 17-чохь Нохчийчохь а. Иштта мангалан (июль) а, хьаьттан (август) а беттанашкахь кхин а 4 регионехь дIахьур ю и тайпа бизнес-сесси.

Хь.БАХТАЕВА

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: