Журналисташа дакъалецира медиашколин цхьаьнакхетарехь

Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь цхьаьнакхийтира Кегийрхойн дуьненаюкъарчу «Грозный-2017» медиашколин дакъалацархой а, А.М.Горчаковн цIарах йолчу халкъан дипломатина гIоьнна кхоьлина йолчу Фондан векалш а, Къилбаседа-Кавказан федеральни округан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а.

Оцу цхьаьнакхетарехь эксперташ бара: хаамийн «REGNUM» агентствон коьрта редактор Колеров Модест, юрист а, публицист а Гирс Илларион, видеоблогер Пучков Дмитрий, Россин журналистийн союзан секретарь Токарский Денис, медиаэксперт Михайлов Григорий, журналистикин хьаьрмахь гIарабевлла бевза кхин а дуккха а говзанчаш а.

Цигахь дуьххьара вистхиллачу «REGNUM» агентствон коьртачу редактора Колеров Модеста дийцира юкъараллин дахарехь шуьйрачу хаамийн гIирсаша дIалоцучу меттигех, кхузаманахь журналистан говзалла караерзоран хьелех лаьцна а, иштта, карарчу хенахь дуьненаюкъарчу аудиторин Россех болу харц кхетам хийцаран некъех лаьцна а, вайн пачхьалкхан лазамечу проблемех лаьцна а.

Медиашколин дакъалацархой Беларусера, Молдовера, Казахстанера, Узбекистанера, ГIиргIизойчуьра, Гуьржийчуьра бара.

– Халахеташ делахь а, вайн заманахь дукхахболу хаамаш интернет чуьра боьшуш бу. Вайна хууш ду цу чохь дерг даима а ца хуьлу я бакъдерг я нийса дерг. Питана, харцо езаш лелачу нахаца «тIом» латто безаш хуьлу журналисташ. Цундела социальни сеташ чохь дIахьон болх жигарбаккха безаш нисло журналисташ. Цуьнца
цхьаьна алсамдевлла журналистана тIехь долу декхарш, – бохура Колеров Модеста.

Тайп-тайпанчу регионашкара баьхкинчу журналисташа цуьнга хаттарш дира. Модеста хIоранна а кхоччуш жоп делира. Шен къамел дерзош, къоначу журналисташна шайна балхахь пайден хиндолу хьехарш а дира цо.

Цул тIаьхьа цхьаьнакхетар паргIатчу кепехь дIадаьхьира. Оцу цхьаьнакхетаран дакъалацархойн таро хилира вовшашка хаттарш дан. Иштта вайн мехкан хьешашна хаа лиира шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсаш (газеташ, журналаш) шайн дешархой хилийтархьама хIун болх беш бу.

«Даймохк» газетан кхолламах дерг а хаа лууш бара хьеший. Цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа, медиашколин дакъалацархой Нохчийн къоман музей бахара.

ШолгIачу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIадаьхьира цара шайн рогIера цхьаьнакхетар. ПаргIатчу кепехь вовшашца къамелаш динчул тIаьхьа, бевзаш болчу журналисташа мастер-классаш елира медиашколин дакъалацархошна.

Медиа-форуман программина юкъадогIура Веданан кIоштарчу «Къоьзан-Iам» туристийн базе кхачар а. Нохчийн Республике а баьхкина вайн исбаьхьа, хаза Iалам ца гуш дIагIойла хиларх кхоьруш бара журналисташ.

З.ХИЗИРОВА

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: