Ерригроссин турнирехь – кхоалгIа меттиг

Дукха хан йоцуш Краснодаран крайрчу Адлер гIалахь дIаяьхьира 2005–2007-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула «Олимпийские надежды» Ерригроссин VIII-гIа турнир.

Турнирехь дакъалоцуш бара Абхазера, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIалмакхойчуьра, Дагестанера, Нохчийн Республикера, иштта Россин кхечу субъекташкара спортсменаш.

Вайн республикин цIарах турнирехь дакъалоцуш бара РДЮСШ-ра спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Цигахь кхоалгIа меттиг яьккхира вайн махкахочо Дудаев Iелас.

З.ШИШХАНОВА

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: