Къахьегаро кхиаме кхачаво

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларехь къаьсттина дикачу кхиамашка кхаьчначу школашкахь дешна бевллачарца а, церан хьехархошца а.

Шайн хьехархошца цхьаьна цига кхайкхинера оьрсийн маттехула 100 балл яьккхина Татаева Мата (Йоккхачу АтагIара М.Пахаевн цIарах №3 йолу юккъера школа), Цуцаева Карина (Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу дешаран туш), Маханина Ася (Соьлжа-ГIалара №54 йолу юккъера школа), ткъа иштта биологи 100 баллана дIаелла Садулаева Танзила (Соьлжа-ГIалара Президентан лицей).

Оцу башхачу кхиамашца школаш чекхъяьхнарш а, хьехархой а декъалбеш, И.Байхановс билгалдаьккхира дешархоша, хьехархоша, дай-наноша къахьегаро беана кхиам иза хилар.

Хьехархойн белхан лаккхара мах хадош, царна совгIаташ дина Дешаран а, Iилманан а министерствон Сийлаллин грамоташца, ткъа ЕГЭ дIаяларехь кхиамашка кхаьчна школаш чекхъяьхнарш ахчанан совгIаташца билгалбаьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо.

Хь.ДОВКАЕВ

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: