Къоначу поэтийн «Синмаршо» гулар арахецна

А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIадаьхьира къоначу поэтийн байтийн гулар йовзийтар.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, цуьнан заместитела Мамакаев Эдуарда, Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана, литературин критика Бурчаев Хьалима, кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, иштта, оцу гуларан авторша.

Хьалхара дош а олуш вистхилира Ибрагимов Канта. Цо элира: – Дика ду, къоначу поэтийн, яздархойн байтийн гулар зорбане яьлла. Шу къона поэташ хиларе терра, шун кхоллараллех нахана хетарг тайп-тайпана хир ду. Масала, цхьаболчара лаккхара мах хадор бу, вукхара цхьа а могIа пайдехь бац ала тарло, иштта кхидIа а. Цхьаболчара къоламаш эрна хьоькху алахь а, шайна язъян а лууш ца язъеш ма Iе. Тхо кегий долчу хенахь тхан карахь даима а блокнот а, ручка а хуьлура. Коьрте йогIу ойла сихха дIаязъян хьовсура тхо. Ткъа хIокху заманахь кегийрхойн карахь телефонаш а, планшеташ а ю. Шайн коьрте йогIу хIора а ойла дIаязъеш хила, иза тIаьхьенна оьшур ду шуна.

Шен къамел дерзош цо баркалла элира къоначу поэтессина Халикова Асетана, гулар вовшахтухуш къахьегарна.

– «Синмаршо» гулар яраялар хаза кхаъ бу вайна массарна а. Цу тIехь, вайна ма-гарра, Даймахках, ненах, безамах лаьцна хилла ца Iаш, къоначара шайн ойланаш йовзуьйтуш язйина байташ а ю. Цо гойту дахарах а, адамийн кхолламех а кегийчара кIорггера ойланаш еш хилар. Гуларан авторшна юкъара цхьаьннан я шиннан цIе яккха ца лаьа суна. Царах хIораммо а шайн дакъа юкъадиллина «Синмаршо» гуларна, – бохура Ирисханов Iимрана.

Бурчаев Хьалима билгалдаьккхира, къоначу поэтийн гулар арахецар иза вайн литературехь мехала хилам хилар.

– Къоначу поэтийн гулар зорбане яьккхина хилар иза боккха хилам бу. Вай олур-кх, кегийнаш литературе, поэзе кхийдаш бац, цу декъехь къахьега лууш бац, олий. ХIокху гуларан авторийн могIанех сайн бIаьрг кхетча, со кхийтира поэзи муха хила еза а хууш, шаьш язъечун дикка ойла а еш язъеш болу къона поэташ вайн хилар. Къаьсттина тидам тIебахийта луур дара суна Хабаев ИсмаьIалан кхоллараллина. Ша ханна жима велахь а, цуьнан ойла шен хенал хьалха кхиъна йогIуш ю. Иза цуьнан йозанехь гуш а ду, – элира цо.

Цул тIаьхьа дош къоначаьрга делира. Цара баркалла элира шайн байтийн гулар арахецарна. Цул тIаьхьа, къоначу поэташа Хабаев ИсмаьIала а, Петирова ПетIамата а, Сагаева Залинас а, Виситаева Туманис а, Даудов Гиланис а, Муртазов Iадлана а байташ йийшира.

Илли аларца суьйре хазйинера иллиалархочо Умаев Iамирхана. Къоначу поэтех цхьаболчеран дахарехь дуьхьарлера гулар ю «Синмаршо». И де еххачу хенахь шайн иэсехь латтийтархьама, къоначара безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, ерзийра суьйре.

З.ЛОРСАНОВА

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: