Тхан рузма

Мангалан беттан 22-гIа де, 1936-гIа шо. Йоккхачу АтагIахь вина Хажалиев Ваха, Россин Федерацин хьакъволу лор, медицинин Iилманийн кандидат.

1944-чу шарахь дерриге а халкъаца махках баьккхина кхеран доьзал Казахстане кхочу. Циггахь чекхйоккху юккъера школа. 1956-чу шарахь Казахийн пачхьалкхан лоьрийн институте деша хIутту кIант, шолгIачу курсехь Къилбаседа-ХIирийчуьрчу лоьрийн институте дехьа волу. Кхиамца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1962-чу шарахь ша винчу Йоккхачу АтагIахь куьпан больницин коьрта лор волуш дIаболабо къинхьегаман некъ.

1968–1970-чуй шерашкахь СОГМИ-н ординатурехь доьшу.

1970–1993-чуй шерашкахь болх бо Соьлжа-ГIалин №4 йолчу больницин хирургически отделенин ординатор волуш, 1993-чу шарахь дуьйна еххачу хенахь оцу отделенин куьйгалхо лаьтта. Эзарнашкахь бу, хирурган дарбанечу куьйгех дарба хилла цуьнан цIе баркаллица йоху дархой.

1979-чу шарахь В.Хажалиевс чIагIйира медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, Iилманан 40 сов белхан автор ву иза. Лоьран балхаца цхьаьна, шен доккха зеделларг хир болчу лоьрашна довзуьйтуш, Нохчийн пачхьалкхан медицинин факультетехь хьехархочун болх а бо.

Хажалиев Вахас йогIуш лелайо Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а хьакъволчу лоьран сийлаллин цIе.

Мангалан беттан 25-гIа де, 1938-гIа шо. Вина Идаев Юсуп, актер, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист. Ленинградерчу театран институтехь дешначул тIаьхьа, 1962-чу шарахь веара Идаев Юсуп Нохч-ГIалгIайн къоман театре балха.

ХIетахь дуьйна цуьнан дахаран къилба хилла лаьттира нохчийн театр. Хьовсархойн дагахь дисина дукха васташ кхоьллина цо цуьнан сцени тIехь: Ромео («Ромео а, Джульетта а», У.Шекспир), Аскер («Аршин Мал-Алан», У.Гаджибеков), Муров («Бехк боцуш, бехке хилларш», А.Островский), Илес («ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг», Ч.Айтматов), Рамзан («Бож-Iела», I.Хамидов), Вахьид («Бешто», С.Бадуев), иштта кхин а, кхин а.

70–80-чуй шерашкахь ерриге Союзехь а дика евзаш, тоьллачу театрийн могIарехь яра Х.Нурадиловн цIарах йолу вайн театр. Оцу кхиамна юкъа шен бIаьрла хазна йиллинера Идаев Юсупа.

Актеран кхалхар хилла 1987-чу шарахь.

№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: