Нохчийн Республикин Къоман музейхь советийн заманан художникан Лансере Евгенийн суьртийн гайтам схьабиллира.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Републикин Парламентан депутаташ Нагаев Iадлан а, Тагиев Мурад а, Дагестан Республикин Гамзатова ПетIаматан цIарахчу музейн изобразительни искусствон отделан заведующи Сергеев Александр а, иштта къона художникаш а, искусство езарш а.
Дагестанан музейн фондера Лансерен 70 сурт дара гайтаме диллинарг. Оцу суьрташка хьаьжча гуш дара Лансере Кавказ езаш хилла хилар. Оцу суьрташа гойту яханчу заманахь нах духарца муха хилла, церан юкъаметтигаш муха хилла, кхидерг.
Гайтам схьабоьллуш хьалхара дош Дагестанера веанчу хьеше делира.
– Уггаре а хьалха, Дагестанан музейн цIарах баркалла ала лаьа суна Нохчийн Республикин Къоман музейн белхахошна. Тхо кхуза моссазза догIу деза хьеший санна тIеоьцу цара. ХIара санна болу суьртийн гайтам дуьххьара дIахьош бац оха кхузахь. Ткъа хIинца оха тхан республикин музейн фондехь долу Лансерен суьрташ деана. Цо шен суьрташкахь гайтина вайн Кавказан хазалла, гIиллакхаш, Iадаташ. Кавказ шен къаьмнашца даима а хилла, Лансере санна похIма долуш болу нах шена тIе боьхуш. Кавказан исбаьхьчу хазаллех ду ала мегар ду цуьнан уггаре а тоьлла суьрташ. Цундела ду уьш вайн массарна а хьоме, – элира Сергеев Александра.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Тагиев Мурата билгалдаьккхира: «Вай кхин цкъа а теш хили Кавказ суьрташдахкархошна даима а езаш хилла хиларна. Кхузахь дехачу халкъийн гергарлонаша, хьаша везаш тIеэцаран гIиллакхаша, Iадаташа, догцIеналло ницкъ луш хилла царна шайн кхоллараллехь кхин а цхьа лакхе яккха. Кавказан пейзаж суьрташдахкархойн белхашна юкъахь уггаре а тоьлла меттиг дIалоцуш хилла, хIинца а ю».
Яханчу замане шаьш кхаьчча санна хеташ, бехха лаьттира гайтаме баьхкинарш суьрташка хьоьжуш. Лансерен суьртийн гайтам хьаьттан (август) беттан 13-гIа де тIе кхаччалц лаьттар бу.
Художниках – доцца
Лансере Евгений вина 1875-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнахь Питербургана уллерчу Павловскехь. Цуьнан да оцу заманахь гIараваьлла скульптор хилла, деда – архитектор. Шен дайшкара кхаьчна кIанте искуство езар, похIма.
Жима волуш дуьйна а суьрташ дохкуш хазахеташ вара иза. Парижехь цIе яхна болчу суьрташдахкархошка ша Iамавайтина цIавеанчул тIаьхьа зуда а ялийна, 1904-чу шарахь цуьнца цхьаьна дуьххьара Кавказе веара Лансере. ХIетахь езаелира цунна Кавказ.
1912-чу шарахь Дагестанехь а, Нохчийчохь а хилира иза. 1914–1915-чуй шерашкахь Дуьненан хьалхара тIом баьллачу хенахь Кавказан фронтехь тIеман суртдиллархо-корреспондент болх бо цо.
1917–1920-гIа шераш юха а Кавказехь (Дагестанехь) дIахьо цо. Оцу кхаа шарахь дуккха а жанрашкахь суьрташ дехкира Лансерес. Ша Дагестанехь Iийна хиларе терра, цуьнан гIаланийн, яртийн, бахархойн васташ ду цуьнан Кавказехь дехкинчу дукхах долчу суьрташкахь гайтинарш.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№56, пIераска, мангалан (июль) беттан 21-гIа де, 2017 шо