1999-чу шеран 18-чу январехь дуьнен чу ваьлла Рамзан БагадуровгIеран Муслиман а, Кайпин а доьзалехь. ЦIера Нижи-Юьртара бу церан доьзал. Дукха жима волуш шайн юьртарчу спортан «каратэ» секци дIавелира Рамзан дас. ХIетахь кIентан 5 шо бен дацара. Багадуров Рамзанан да эскарехь гIуллакх деш хилла. Шен декхарш кхочушдеш, хеназа кхелхира иза. Шайн да дукхавезаш, цунах масал оьцуш хиллачу кIантана еза чов яра иза. Церан доьзало хала лайра хилларг… Рамзанан 9 шо дара цуьнан да кхелхинчу хенахь.
Цу хенахь жима хиллехь а, Рамзана дукха ойланаш йира шен кхидIа хиндолчу дахаран хьокъехь. Цул тIаьхьа масех шо дIаделира. Нажи-Юьртарчу школехь 7 класс чекхъяьккхира кIанта. Шайн дас дIакхехьначу новкъа вала лаам кхоллабелира цуьнан. Делахь а, шайн ненера пурба а доцуш, цуьнан дог дохондерг дан а ца лаьара. Суворовски училище ша деша вахийта аьлла дехар дира Рамзана шайн нене. Нана реза хилира. Иштта, 2012-чу шарахь Соьлжа-ГIалин ТIеман суворовски училище деша хIоьттира иза. Юьхьанца мелла а хала дара цунна. Карарчу хенахь цо цигахь доьшу 2 шо хан ю. Iуьйранна делкъа хан хиллалц школин программица урокаш хуьлу церан. КIиранах кхузза леррина Iамораш дIахьо герз а карахь. И тайпа Iамораш къаьсттина хазахета цунна. Суворовски училище деша вахча, спортаца гергарло кхин а чIагIделира Рамзанан. Циггахь паргIатчу кепара охьатохархлатаран секци Iаморна дIаязвелира иза. Шен нийсархошна юкъахь дикачу амалшца къаьсташ ву иза. Кест-кеста шайн да дага а вогIий ойланашка волу кIант. Шайн ден сий лардеш, цуьнан лорах ца тила гIерташ къахьоьгу цо. Дешарна лерина терго йо цо. Математикин, оьрсийн литературин предметаш хазахета. Училищехь мукъа хан наггахь бен ца хуьлу церан. Делахь а, мукъа еанчу минотехь байташ я доцца дийцар деша сихло Рамзан. Дика дешарна елла грамоташ а ю цуьнан. Ткъа нана а, гергара нах а баккхийбина а ца бовлу шайн кIантах. Цхьана баттахь масийттазза шайн цIа баха бакъо ло «суворовцашна». Тахана суворовски училищехь доьшуш волу иза, кхана вайн къомана а, махкана а пайдехь кIант хилла иза дIахIуттург хиларан цхьа шеко яц. Хазахета, Рамзан санна кIентий кхуьуш хилча!
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт