Къонахчун дахарехь – маьIне хилам

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн корпусан а, Аппаратан а цIарах даггара декъалво Нохчийн Республикин Iедалан законашдахаран лаккхарчу органан Председатель Даудов Хож-Ахьмадан Мохьмад сийлахьчу денца – цунна Россин Турпалхочун еза цIе елла 10 шо кхачарца!

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) вовшахтоьхначу Командехь болх баран доккха зеделларг ду Хож-Ахьмадан Мохьмадан. Цо йоккха хазна юкъайиллина терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу къийсамна. Цо ша дакъалаьцна къаьсттина кхераме болу зуламхой хIаллакбарехьа дIаяьхьначу дуккха а лерринчу операцешкахь.

Даудов Мохьмад ваша а, тешаме бIанакъост а ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан. Цо хIокхунна тIедохку уггаре а жоьпалле а, мехала а гIуллакхаш. Тахана Нохчийн Республикин Парламентан Председатель волчу М.Даудовс хьекъалца, говза кхочушйо къоман баьччин хьикмате, цIиндаран политика. И политика тIехьажийна ю бахархойн Iер-дахар, хьал тодарна. Цо къаьсттина тидам тIебохуьйту кегийрхой ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиорна.

Лараме Хож-Ахьмадан Мохьмад! Даггара лаьа хьан ондда могашалла, Россин а, Нохчийн Республикин а зовкхан дуьхьа кхидIа а кхиамца къахьега кхачалур доцу доьналла, ницкъ хуьлийла.

Дала декъалвойла хьо, лараме Мохьмад! Дала дукха вахавойла!

Нохчийн Республикин Парламентан пресс-служба

***
Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, Аппаратан а декъалдарна тIе а товш, оха «Даймохк» газетан редакцин белхахойн а, берриге а ешархойн а цIарах оцу мехалчу хиламца даггара декъалво Даудов Мохьмад. Тхуна оьшучунна орцахвала, гIо-накъосталла дан, дог-ойла ир-карахIотто кийча волчу нохчийн халкъан бакъволчу къонахчун, турпалхочун дахар маьрша, ирсе, токхе хуьлийла лаьа тхуна.

Дала аьтто бойла хьан! Дала бакъо толайойла!

«Даймохк» газетан редакци

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: