Ялх беттан жамIаш дира

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон коллегин кхеташо хилира.

Цигахь дийцаре дира 2017-чу шеран 6 баттахь бинчу оперативно-служебни белхан жамIаш. Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Советан секретарь Черхигов Идрис, Россин МВД-н ВОГОиП-н куьйгалхо Алай Владимир, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, ткъа иштта суьдийн, прокуратурийн органийн куьйгалхой, кхиберш.

Министра Алханов Руслана билгалдаьккхира полицин белхахоша шайна хьалха хIиттийна бакъонаш ларъяран декхарш кхиамца кхочушдина хилар. Юкъараллин меттигашкахь зуламаш дар 6,6 процентана лахделла. Диначу зуламашна бехке берш гучубахар 3,3 процентана лакхадаьлла.

Цо дийцарехь, шайна юкъахь дакъалоцуш цхьа миллион гергга стаг а волуш, дIаяьхьначу юкъараллин-политикин, культурин-спортан 600 сов мероприятехь къепе а, низам а хилийтарна юьззина кхачо йира полицин белхахоша.

Кхеташонехь тидам тIебахийтина ма-хиллара, буьйцуш болчу муьрехь (хIокху шеран ялх баттахь) бакъонаш ларъяран органийн ницкъ кхечира регионехь долчу хьолана тIехь терго латто. Церан балхахь, хьалха а санна, коьрта хилла дуьсуш дара терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьар, цу декъехь талламан гIуллакхаш дар.

«Оперативни-лахаран а, леррина а гIуллакхаш кхочушдечу хенахь хIара шо доладелчахьана дуьйна Нохчийчохь хIаллаквина законехь йоцчу герзашца йолчу тобанан 16 дакъалацархо, царна юкъахь 2
гIеранан куьйгалхо а волуш. Схьалаьцна гIеранан 1 куьйгалхо. Иштта, схьалаьцна зуламхойн гIеранашна юкъахь хилла 40 стаг а, царна гIо-накъосталла деш хилла 20 стаг а. Шайн бехкана къера а хилла, бакъонаш ларъяран органашна тIевеана бандподпольехь дакъалоцуш хилла 14 стаг», – бохура Алханов Руслана.

Кхеташо ерзош цо дIахаийтира полицин белхахоша шайна хьалха хIиттош долу декхарш кхул тIаьхьа а кхиамца кхочушдийриг хиларх ша тешна хилар.

Министра кхин цкъа а тидам тIебахийтира ведомствон белхахошна хьалха лаьттачу коьртачу декхаршна. Царах уггаре а мехалниг ду бахархойн синтем, паргIато, маршо ларъяр. Иза билгалдаьккхира шайн къамелашкахь, шаьш биначу белхан жамIаш а довзуьйтуш, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон органийн а, подразделенийн а куьйгалхоша.

Цу хьокъехь хаам бира редакце Нохчийн Республикин МВД-н пресс-службехь.

С.ХУСЕЙНОВ

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: