Къаьмнийн юкъаметтигаш ларъярехьа гIулчаш

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу юкъараллин-консультативни советан рогIера кхеташо хилира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан заместитела Элембаев Iалихана, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Нагаев Iадлана, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхочо Мунаев ИсмаьIала, Юкъараллин-консультативни советан декъашхочо Митрошкин Вадима, ГIезалойн къаьмнийн культурин туьшан векала Хайбулина Нурсията, иштта, республикерчу юкъараллин-политикин векалша, Нохчийн Республикехь йолчу къаьмнийн-культурин туьшийн куьйгалхоша, кхечара.

Цигахь дийцира Нохчийчохь дехачу халкъех а, цара кхочушдечу юкъараллин гIуллакхех а лаьцна.

Кхеташо дIайолош вистхиллачу министра дийцира цу чохь гулбеллачу Юкъараллин-консультативни советан векалша Нохчийн Республикерчу халкъийн юкъаметтигаш ларъярехьа яккхий гIулчаш яьхна хилар.

– Нохчийчохь дехаш дуккха а халкъаш делахь а, вайн республикерчу тайп-тайпана дин лелочу нахана юкъахь цкъа а дар-дацар ца хааделла. Вайн республикин Куьйгалло и ца хилийта дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду, – элира Д.Умаровс.

Россехь дехачу халкъашна уггаре а коьрта ду вовшашка ларам хилар, билгалдаьккхира Д.Умаровс.

– Вайн халкъ даима а хилла леларца, гIиллакхашца къаьсташ. ХIинца тIекхуьуш долу чкъор а иштта Iамо деза вай. Нохчийчуьра арабевллачул тIаьхьа, шайн гIиллакхаш лардан деза цара, хаа деза шаьш нохчийн сийлахьчу халкъах схьадевлла хилар, – элира цо.

I.Элембаевс довзийтира «Нохчийн Республикин Этно-дахар» проект кхочушъяран декъехь дан дезарш а, Нохчийчоьнан Этнокарта дан долийна хилар а.

Кхеташонехь юкъараллин-консультативни советан керла декъашхо а вовзийтира – Шаройн кIоштан къеда Абубакаров Мохьмад.

Юкъараллин-консультативни советан векалша жамIаш дира 2016–2017-чуй шерашкахь совето биначу белхан а, иштта дан тIейогIучу хенахь лерина гIуллакхаш билгал а дехира.

Хь.БАХТАЕВА

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: