Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Иерусалимера хьал гIоьртина дуьсуш ду. Израилан полицин а, Iаьрбийн а тасадаларш хилла. Оцу тасадаларшкахь масех Iаьрби вийна, 50 сов Iаьрбичунна чевнаш хилла. Тасадаларш хIинца а севцца дац. Израилан лерринчу службаша схьалаьцна ХАМАС боламан 50 сов жигархо.
***
Европин а, Iаьрбийн а цхьамогIа пачхьалкхийн дIадолорца селхана экстренни кхеташо дIаяьхьна ООН-н Кхерамазаллин Советехь. Цигахь дийцаре дина Иерусалимехь кхолладелла хьал, Палистинин а, Израилан а юкъаметтигаш тоярехь дан деза гIуллакхаш.
***
Иракъан Iедалан эскаран бIаьхоша хIокху деношкахь Мосулехь схьалаьцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъахь тIом беш хилла йолу Германера яхархо. Йийсар йинчо дийцарехь, террористашна юкъахь тIом беш бIеннаш немцой бу, царна герзашца а, ахчанца а кхачоеш Малхбузера а, Европера а иттех пачхьалкх ю.
***
Шемара хьал машаран некъа тIе дерзор къобалдеш болу боламаш оппозицин ницкъашна юкъахь а алсамболуш бу. Цара Iедалца йолу юкъаметтигаш дийцарш дарца къастор хьекъале лору. И некъ берриге а шемахошна а лазам боцуш хир бу. Делахь а, цунах кхета туьгуш бац террористаш.
***
Венгрин Премьер-министра Орбан Виктора кхайкхам бина Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхошка бакъо йоцуш Европе баьхкина мигранташ шайн мехкашка юха дIахьовсар лоьхуш. Цунна хетарехь, мигранташца цхьаьна Европе террористаш а кхочу.
***
Чинехь гIишлошъярехь пайдаоьцуш хилла лекха кран, чIогIа мох балар бахьанехь, охьакхетта. Цунна кIелахь висина хиллачу 9 стагах 7 кхелхина, 2 лазийна. ДIахьош ду бохам хиллачу меттехь талламаш бар, кхерамазаллин бакъенаш талхорна бехке мила ву хьажар.
***
Индехь юха а бохам хилла. Мехкан езачу меттигашка нах буьгуш йолчу автобусана тIекхетта киралелош йолу машен. Оцу некъан бохамехь 9 стаг кхелхина, лазийнарш кхин а алсам бу. Бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду таллам баран гIуллакхаш.
***
Мохкбегор бахьанехь даккхий зенаш хиллачу Желтойчоьнна 1,5 миллиард евро кредит далар къобалдина дуьненаюкъарчу волютин фондо. И ахча мохкбегоро дина зенаш меттахIитторна а, экономика кхиорна а хьажон дезаш ду, кхечу хьашташкахь цунах пайдаэцар доьхкуш ду.
***
Цхьа-ши кIира хьалха Японера бахархой йовхонна тоха са доцуш хьийзаш хиллехь (ши бIе сов стаг больнице охьавиллинера), тIаьхьарчу деношкахь оьхучу догIанаша гатбина хьийзабо мехкан къилбаседа-малхбузехь бехаш болу японхой. Царах 25 эзар сов стаг токхамаш хиларна, хи тIедаларна кхераме йолчу меттигашкара дIакхалхийна.
***
Венесуэлан Iедална оппозицехь йолчу партийн а, организацийн а куьйгалхоша дIахьедина кхана а, лама а шаьш забастовкаш дIахьуриг хилар. Церан коьрта лехам бу махкахь Президентан керла харжамаш дIабахьар, таханлера Президент отставке вахийтар.
***
Россехь мангалан (июль) баттахь мехкадаьтта даккхар 10.946 миллион баррель бен хир дац. ДIадаханчу шеран эсаран (октябрь) баттахь хиллачуьнца дуьстича 300 эзар баррельна кIезиг хуьлу иза. Иштта, ОПЕК-на юкъайогIучу пачхьалкхашкахь а лахдеш ду мехкадаьтта даккхар.
***
Челябински областехь цIийнах цIе ялар бахьанехь 4 бер делла. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийна Россин Талламан Комитето. Талламхоша дIахьош ду, бераш шаьш чохь дитина, да-нана арадаьлла дIадахаран бахьана къастор.

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: