Нохчийн Республиканий, Беларусь Республиканий юккъера уьйраш чӀагӀлуш ю, зӀенаш меттахӀуьттуш ю.
Стохка гурахь белорусийн меттан даздаршкахь дакъалоцуш хиллачу вайн махкахочо – поэта, гочдархочо, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин а, Кавказан яздархойн клубан а декъашхочо – Ахматукаев Адамий, Беларусин Издательни цӀийнан («Звязда») генеральни директора – коьртачу редактора Карлюкевич Александрий (тахана – Беларусь Республикин Хаамийн министран заместитель) буха куьйгаш яздеш, чӀагӀбира зорбанехь юкъаметтигаш лело шина а агӀор болчу яздархойн лаам.

Цул тӀаьхьа шо а ца даьлла, амма и юкъаметтигаш, керлачу тӀегӀане евлла, чӀагӀлуш хилар гойту белорусийн зорбанехь а, Союзан пачхьалкхан «Созвучие» сайта тӀехь а нохчийн яздархойх, литературах, литературни процессах лаьцна нохчийн, оьрсийн, белорусийн меттанашкахь материалаш зорбане юьйлуш хиларо: масала, Шайхиев Ӏалвадин, Жумалаева Лулин, Ахматукаев Адаман байташ; Жумалаева Лулин, Давлеткиреева Лидин, Ахматукаев Адаман, Межиева Розин интервьюш, статьяш; Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахецна книгаш (электронни кепехь).
Цунна кхин цхьа тоьшалла ду хӀокху шеран чиллин (февраль) баттахь Минскехь дӀабаьхьначу книгийн дуьненаюкъарчу гайтамехь а, литераторийн симпозиумехь а нохчийн яздархочо Ахматукаев Адама дакъалацар (цунах лаьцна оха дийцира «Даймохк» газетан 17-чу номерехь).
Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь яздархой юххера бевза, церан юкъаметтигашкахула къаьмнийн уьйраш чӀагӀло, керланаш кхоллало. Оцу декъехь доккха маьӀна леладо литература вовшийн меттанашка гочъяро.
Кхечу къаьмнийн дуккха а поэтийн произведенеш нохчийн матте яьхна Ахматукаев Адама, царна юкъахь белорусийн поэташ а бу, масала, Купала Янка, Колас Якуб, Скорина Франциск, Богданович Максим, Танк Максим, Панченко Пимен, Купреев Микола, Бадак Алесь, Стельмах Елена, Кобец Мария, Радунь Валерия.

Оцу гочдарех тахана оха шуна йовзуьйту Купала Янкин поэмий, Колас Якубан байташший. Советийн заманахьлерчу белорусийн литературин бухбиллархой ларалуш бу Купала Янка а, Колас Якуб а. Беларусь пачхьалкхан дуьххьарлера халкъан поэт а ву и шиъ. Цу шиннан цӀерш юх-юххехь лаьтташ хилар ларамаза дац: дахаран а, литературин а кхолламаш цхьаьна беана цу шиннан. Цхьана шарахь вина (1882) ший а, литературин новкъа хӀоьттинарг а цхьа хан ю; шимма а шайн кхоллараллехь коьртехь латтийна халкъан лазамашший, лаамашший; шимма а шайн ненан маттахь язъеш а хилла.
Паччахьан заманан Ӏазапах паргӀат а даьлла, маьршачу дахарехьа белорусийн халкъо бина сийлахь некъ, куьзганахь санна, го оцу шина а поэтан кхоллараллехь.
ХӀокху шарахь 135 шо кхочу Купала Янка а, Колас Якуб а дуьнен чу ваьлла. И де Беларусь пачхьалкхехь тайп тайпанчу гӀуллакхашца билгалдоккхуш ду кхечу денца цхьаьна. Иза ду белорусийн маттахь зорба юкъадаьлла 500 шо кхачар.
Скорина Францискан цӀарца доьзначу оцу доккхачу денна лерина Беларусехь хиндолчу даздаршка хьошалгӀа кхайкхина ву хӀара гочдарш дина поэт Ахматукаев Адам.
КОЛАС Якъуб
ЯНКА
Янка вогӀу халла –
Техкаш, кепа чохь,
Церг а хьекхош: «Лалла!» –
Бохуш, бетташ мохь.ГӀарол кхайкхи цуьнга:
«Собардел цкъа ахь!» –
ТӀаьхьавели. Янкас-м
Шен и: «Лалла!» – бах.ГӀароло и Янка,
Куьг-бехке а веш,
Лоцур вара, «лалла» –
Мила, – хьехар деш.Янка а вац Ӏовдал –
Ӏехавайта ша,
Совдерг цо ца аьр-кха,
Амма: «Лалла!» – аьр.ГӀароло кхин цкъа а,
Ворта озош, бах:
«Мила я хӀун «лалла»,
Боху, вашá, ахь?»Янка-м шек а воцуш
Корта лестош ву:
«ХӀан-хӀа, вашá, эр дац –
«Лалла» мила-хӀун!»
КУПАЛА Янка
ЦХЬАННА А
(ГӀаплоллин бакъонан заманера) (поэма)Белхан хан дӀаели,
Малх а буьзи чу,
Гуьйренгара суьйре
Йоьсси юьрта чу.ЛаппагӀаш чохь даьржи
Ӏаьржа ӀиндагӀаш,
Хьалалето дезаш
Сихха къуьданаш.Хьаладаккха хаьштиг,
Серлаяккха чоь.
ХӀинца аш а, бераш,
ЛадогӀалаш соь.ГӀаплоллин шерашкахь
Лайна-хьегначух
Ала-хьахо-дийца
Сан ма дукха ду.Юкъа а ца лелхаш,
ЛадугӀур ду аш,
Мегий? Стенна тӀера
Доладе-те ас?
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо