1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР метта а хIоттийна, «Ленинан некъ» газет юха а арахеца долийначу муьрехь газетан редакторан декхарш кхочушдеш вара Нажаев Хожа. ЧIогIа кIезиг бара редакцин белхахой. И бахьана долуш хала дара газет арахеца.

Цкъацкъа балхахь 30 сахьтана тIекхаччалц дахлора белхан де. Бакъду, нах цIабахкаре хьаьжжина, алсамбовла буьйлабелира редакце балха богIурш. Хьалха баьхкинчарна юкъахь вара Хаджиев Ризван. Редакторан декхарш кхочушдар тIедиллира цунна. ХIинца а хьалха лаьтташ волуш санна, го цуьнан сурт.
Гуттар а, тIехь можа кител, тай тоьхча санна, нийса дIасадахана долу хьаьрса мекхаш, багара цкъа а дIайоккхуш йоцуш уьйзу цигаьрка. Наггахь, цо къамел деш, цигаьркан кIуьрана а, мекхашна а юккъехь довра вуьшта а атта кхетар воцуш, цо дечу къамелан дешнаш. Кест-кестта иза волчу богIура цуьнан доттагIий Мамакаев Мохьмад, Саламов Iабдулхьамид, Ошаев Халид, Мехтиев Хьасан, кхиберш а. Цара забар еш, олура цуьнга: «Ризван, шун цIахь берш кхетий хьан къамелах?». Цунах самукъадолура церан.
Ризвана дукха болх бора. Кхочушдан дезарг кханенна тIаьхьа ца тоьттура. Шен болх а дика бевзара. Белхахошца а, дахарехь а оьзда вара. Цкъа а хезар дацара шен куьйга кIел болчаьрга аз айдина иза вистхуьлуш, масаьрца а кIеда-мерза вара. Тхо, къона белхахой, юьхьанца цунах озалуш дара – леларца а, дечу къамелашца а. Эхь хетара цунах. Цкъацкъа иза чIогIа буьрса а хетара. Амма цкъа нисделлачу цхьана гIуллакхо хийцира цунах лаьцна тхуна хетарг.
ХIетахь, газет арахоьцуш, оьшуш дац аьлла хеташ долу дуккха а гIуллакхаш кхочушдан дезара. Газет арахеца кечдина иза, зорба тухучу машен тIехь дIанисдинчул тIаьхьа газет тIе «Зорбане» аьлла куьг яздан дезара. Цул тIаьхьа иза зорба тоьхна, арахеца бакъо луш, шолгIа а куьг яздан дезара. Ткъа и куьг яздан бакъо газетан редакторан, цуьнан заместителан я дежурни редакторан бен яцара.
Цкъа газет арахоьцуш, иза зорбатоха кечдина делира буьйса юккъе яханчул тIаьхьа. Цу буьйсанна дежурни балха ца веара. ТIаккха сой, Кагерманов Доккий, кхин дан хIума а ца хилла, Октябрьски кIоштахь нехан доларчу цIеношкахь, йолах лаьцна, вехаш волу Ризван лаха вахара.
Вехха лехна, иза схьакарийначул тIаьхьа, газета тIе куьг а яздина, Ризвана элира: «Ма къахьегна ашшимма. Со волчу варна Дела реза хуьлда шуьшинна. ТIаккхахула иштта меттиг нисъелча, хьаъа а хIуъа а бахахь а, и куьг шаьш язделаш. ХIинца шу кегий делахь а, тIейогIучу хенахь шу ма-ду и куьг яздан дуьсу дерш, хIинццехь Iама деза ша дечу гIуллакхан жоьпалла тIеэца. Тхо дукха лаьттар дац. Хиндерг шуьгахь ду».
Цо динчу къамело дог-ойла гIаттийна, типографе юхавеара тхойшиъ. Дика ойла яйтира цо. ХIетахь дуьйна иза тхешан хьехамча, воккхах волу ваша лоруш, чекхдевлира тхо. Ван а вара иза къоначарна хьехамча, дика накъост.
Тхуна боккхачу механ дара цуьнан дахаран, бIаьхаллин, белхан зеделларг. Оха цунах пайда а ийцира. Редакцин коллективехь лоруш, сий деш вара Ризван. Иза тIаьхьа мелла а юххера вевзича, хиира Ризван тIом болабалале хьалха «Ленина некъ» газетан редактор а, тIеман дакъалацархо а хилла хилар. Р.Хаджиев вина 1906-чу шарахь Гуьмсан кIоштарчу Ойсхара юьртахь.
1928-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь чекхъехира советийн партин белхан курсаш, 1929-чу шарахь – рабфак. Оццу шарахь Ризван Москва Малхбален къинхьегамхойн Коммунистийн университете деша вахийтира.
1934-чу шарера 1938-чу шаре кхаччалц ВКП(б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман пропагандин, агистацин отделан заведующи Iийра.
1939-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан редактор вахийтира Ризван.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тКъаьмнийн юкъаметтигаш ларъярехьа гIулчашом болабелча, шен лаамехь тIаме вахара. Цо фашисташна дуьхьал майра леташ, тIемаш бира гвардин ГIобанан (Кубанан) гIалагIазкхийн дошлойн 4-чу корпусана юкъадоьдуш хиллачу эскаран декъехь.
Дакъалецира Москвана юххехь фашисташна тIелатарехь. Цигахь толам баккхарна а, мостагIашца хиллачу тасадаларшкахь майра, къонахаллица тIемаш барна а капитанна Р.Хаджиевна «БIаьхаллин хьуьнарш гайтарна» мидал елира.
Цунна а совгIат дIалуш, корпусан командира инарла-лейтенанта В.И.Кириченкос дIадешначу омри тIехь билгалдоккхуш дара нехан мехкаш дIалецархошца-фашисташца хиллачу къийсаман фронтехь командованис тIедехкина декхарш дика кхочушдарна а, оцу гIуллакхехь майралла а, доьналла а гайтарна а Р.Хаджиевна и совгIат дина хилар.
МостагIчуьнца хиллачу тIеман кхечу тасадаларшкахь иза майра летарна Ризванна «Майралла а, къонахалла а гайтарна» аьлла тIеяздина а долуш, шен цIарца герзаца совгIат дира. Иза тур дара.
Цул сов, 1941–1945-чуй шерашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Германина тIехь толам баккхарна», «Москва ларъярна», кхийолу а бIаьхаллин мидалш елира цунна.
1944-чу шеран хIутосург (май) баттахь тIамера мукъаваьккхина, цIавахийтира Ризван. Соьлжа-ГIала а, ша винчу Ойсхара юьрта а ваха кхиира иза. Кхузахь, лулахоша-оьрсаша дийцина, хиира цунна нохчий махках баьхна, дIабахийтина хилар. Амма ша дукха хье ца велира иза.
Лаьцна, тIаьхьахIоьттина ха а долуш, Казахстане дIахьажийра Ризван. Цигахь бехха лийхира цо шен гергарнаш. ТIаьххьара а, цунна уьш карийра Казахстанерчу Джамбулан областехь.
Республика метта а хIоттийна, хьалха цIабогIуш болчаьрца Даймахка юхабирзира ХаджиевгIар. Хьалхарчу муьрехь «Ленинан некъ» газетехь белхаш бира отделан заведующий волуш а, тIаьхьуо, газетан редакторан декхарш кхочушдеш а.
1959-чу шарера 1969-чу шаре кхаччалц Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон директор Iийра. Цул тIаьхьа республикин телевиденин, радиовещанин комитетехь болх бира.
Ризван шуьйрачу хаамийн тайп-тайпанчу гIирсашкахь болх бина, журналист хилла ца Iара. Цо жигара яз а дора, кхиамаш а бохура литературин кхоллараллехь. Стихаш язъян волавелира иза Сийлахь-боккха Даймехкан тIом а болабалале. Ткъа уьш дуьххьара зорбане евлира 1955-чу шарахь Алма-Атахь схьадиллина, нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь а, цул тIаьхьа «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь а.
Дукха хьолахь, цо язйора беламе, критикин стихаш, забарш, юкъараллехь, адамийн юкъаметтигашкахь, бахархойн дахаран-Iеран хьашташ кхочушдарехь долу кхачамбацарш бехкедеш йолу байташ.
Ризванан нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь араяьлла пхийтта гергга книга. Царах ю «Лерг а лаьцна, малхе», «Ма-дарра дийцича», «Жоьжахатера хаьштиг», «КIохцал долу мекхаш», кхийолу а книгаш. Ала деза книгаш тIера поэзи а, проза а нохчийн мотт дика хууш, кхеташ, дика чулацам болуш язйина хилар. Ризвана шен кхоллараллица йоккха хазна юкъайиллина республикин журналистика а, литература а кхиорна.
Хаджиев Ризван кхелхина 1985-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь.
С.МАГОМАЕВ
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо