Оьздангалла, гIиллакх долуш ю Соьлжа-ГIалахь ехаш йолу Сангариева Изабелла. Иза йина 1990-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.
Заводской кIоштара №50 йолу школа чекхъяьккхина цо. Иза школехь къаьсташ яра дика дешарца, дерригенна а тIехь гуттара а хьалха хиларца, кхиберш шена тIаьхьа бига хаарца, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца.
Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин институте деша яхара иза, 2012-чу шарахь и дешар чекхдаьккхира. Жима йолуш дуьйна берийн бешахь болх бан лаам бара цуьнан. Вайн ма хаъара кхиорхочун болх атта бац, иза хала а, собар оьшуш а бу.
Шен лаам кхочуш бира цо. Карарчу хенахь №94 йолчу «Золушка» берийн бешахь кхиорхочун болх беш ю иза. Шен болх дукхабезаш а, жоьпаллица дерриге а декхарш кхочуш деш а, берашца мотт бийца а, цаьрца кIеда-мерза хила хууш а ю иза. Берашца Изабелла цкъа а гIайгIане ца го цхьанна а.
Адамашца бийца мотт каро а, юкъаметтиг лаха а хаьа цунна. Цо Iамочу берийн нанас Абдуллаева Сацитас а цунах лаьцна иштта элира: – Изабелла цIена, дика адам ду къамелаца а, елаяларца а, цIеначу ойланашца а ша езийта хаьа цунна. Ша Iамочу хIора берах дог лозуш, шена хуург царна Iамо гIерташ къахьоьгуш ю иза.
– Суна сайн болх чIогIа дукхабеза. Дукхабезаш ца хилча бан а лур бац. Иза безаран бахьана, бераш дукха дезар ду.
Деган йовхонца дуьйцу цо берех лаьцна: «Берийн дегнаш тамашийна, цIена ду, дуьнене хьежамаш а шатайпа сирла хуьлу церан. Цаьрца йоккхучу минотехь садоIу ас».
САПИЕВА Биназир
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо