Охьатохархлатар
Индехь дIаяьхьначу дешархойн охьатохархлатарехула дуьненан чемпионатехь дакъалоцуш хиллачу Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь вара нохчийн охьатохархлатархойн «Ахмат» клубан ши векал – Эпендиев Бекхан а, Мацаев Салахь а.
Оцу генарчу махкара толамца цIавирзина ший а спортсмен: Бекхана дашо мидал еана, Салахьа – дато. Охьатохархлатархошна шайна хилла ца Iаш, ерриге а клубана юьхькIам бу къоначу спортсменийн кхиамаш.
Дзюдо
Дзюдохула дуьненаюкъара наггахь турнир а чекх ца йолу нохчийн спортсменаша дакъа ца лоцуш. Иштта, мангалан (июль) беттан 15–16-чуй деношкахь немцойн Саарбрюккен гIалахь дIадаьхьначу Европин кубкан къийсадаларшкахь дакъалаьцначу Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь вара Башаев Тамерлан.
Россин дзюдоисташна беркате хилира Европин кубкан къийсадаларш – ерриге а 13 мидал яьккхира цара: 2 дашо, 4 дато, 7 йоьзан а. Йозаллин барам 100 кг. сов хиллачу категорехь шолгIа меттиг яьккхира Т.Башаевс.
Иза дуьххьарлера толам бац вайн дзюдоистан – Европин кубкан къийсадаларшкахь а, кегийрхошна юкъахь дуьненан чемпионатехь а, Россин чемпионатехь а толаман меттигаш яьхна ву Тамерлан.
Хь.АБАЕВ
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо