ХIокху деношкахь республикин берийн библиотекехь шахматийн дуьненаюкъарчу денна лерина «Цхьаьна вайга дерриге а далур ду» аьлла турнир дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира библиотекин ешархоша а, шахматийн кружокан жигархоша а, заьIап бераша а. Билгалъяьккхина турнир дIахьош вара библиотекин белхахо, цигахь йолчу шахматийн кружокан куьйгалхо Докаев Ваха.
– Шахматийн кружокехь Iемаш болчарна юкъахь уггаре а дика ловзурш бу таханлерчу турнирехь дакъалоцуш берш. Турнир пхеа турехь дIахьур ю. Кхузахь толам баьккхинчеран таро хир ю кестта хинйолчу республикин шахматашкахула йолчу турнирехь дакъалаца. Дика ду хIокху турнирехь дакъалоцуш заьIап бераш а хилар. Шатайпа кхиар долчу берийн отделан куьйгалхочунна Домбаева Аминина баркалла ала луур дара суна, цо заьIап берашца даггара болх барна, – бохура В.Докаевс.
ЗаьIап берашна юкъахь «ДЦП» цамгар ерш а, бIаьрса ледара дерш а бара. Турнир йолаеллачул тIаьхьа билгалделира, шайн могашалла ледара елахь а, шахматех ловзарехь заьIап бераш кхечарел тIаьхьадуьсуш цахилар. Оцу масех турехь жигара левзира турниран дакъалацархой. Делахь а, заьIап берашна уггаре а чIогIа тIе бIаьрг хIуттура цигахь. Ерриге а шайн ойла оцу ловзарна тIе а яхийтинера цара.
Турнир чекхъяьллачул тIаьхьа жамIаш дира. Хьалхара меттиг Магомадов Сулимана яьккхира, шолгIа меттиг – Тимаев Денис, кхоалгIа меттиг – Исаев Ханпашас. Ткъа заьIап берашна юкъахь «Толам баккха лаам хиларна» грамотица совгIат дира Смайлова Иманна.
Толамхошна грамоташ дIаеллачул тIаьхьа, Докаев Вахас а, Домбаева Аминас а книгаш а, кхидолу совгIаташ а дIаделира царна.
Берийн самукъадаьллера. Докаев Вахас дийцарехь, турнир дIаяхьаран Iалашо бераш ойла ян Iамийтар а, цаьргахь кхоллараллин хьуьнарш кхиор а яра.
Турнирана лерина книгийн «Короли» цIе йолу гайтам вовшахтоьхнера циггахь. Иза цхьа шатайпа гайтам бара. Берийн кхиэле ехкина йолу книгаш шахматех ловзарх лаьцна яра. Хазахетарца хьаьвсира бераш оцу книгашка. Цул тIаьхьа, безамна цхьаьна суьрташ дехира цара.
З.КУНТАЕВА
Авторан суьрта тIехь: турниран дакъалацархой
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо