Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллин белхахойн дика ламаст хилла схьадогIуш ду, хIора а шеран аьхкенан муьрехь республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь йоккхачу проектора тIехь берашна мультфильмаш гайтар.

Иштта, дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан Маяковскийн куьпахь шайна мультфильмаш гайта кечам беш буйла а хиъна, бераш сихха схьагулделира. Цигахь бераш хилла а ца Iара, царах цхьаболчеран дай-наной а баьхкинера. Гайта лерина мультфильмаш, бераш могаш Iер-дахарехьа кхойкхуш а, царна некъан боламан бакъенаш йовзуьйтуш а яра.
Лакхахь хьахийначу организацин белхахочо Габазов Iийсас билгалдаьккхира берашна аьхкенан муьрехь мультфильмаш гайтар къаьсттина маьIне хилар.
Баккхийнаш а, кегийнаш а цхьатерра семачу тидамца хьаьвсира шайна гайтинчу мультфильмашка. Уьш яра – «Путь к Корану», «Уроки безопасности с тетушкой Совой», иштта, «Мой додыр».
Вайна ма-хаъара, аьхкенан муьрехь бераш мукъа хуьлу. Оцу муьрехь вуониг марздаларна кхерам бу царна. И саннарг цахилийтархьама а, зуламечух бераш лардархьама а кхочушъеш ю мультфильмаш гайтаран проект. Хийлазза, шайн мукъачу хенахь дан хIума а доцуш, беш цхьа а пайда боцуш уьйтIахула дIасалелаш, ловзуш хан йоккху бераша. Ишттачарна къаьсттина пайдехь ю билгалъяьккхина проект. Берашна масех мультфильм гайтинчул тIаьхьа, шайна мел гиначу суьртийн хьокъехь хаттарш кхолладелира церан. Iийсас хазахетарца царна жоьпаш а делира. Берийн дай-наноша даггара баркалла элира кинематографин урхаллин белхахошна.
Луучаьрга Габазов Iийсас берийн-кхиазхойн «Арц» киноцхьаьнакхетаралли юкъа дахкар дийхира. Цо дийцарехь, цигахь церан таро хир ю актеран а, операторан а, театран, кино-режиссурин а корматаллаш караерзо. Цу тIехь вовшийн Iодика йира цара.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: бераш мультфильмашка хьовсуш
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо