Тахана а журналистийн могIаршкахь ву

Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь актови залехь Нохчийн Республикин журналистикин къаночун Сайдаев Вахин 80 шо кхачар даздира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министерствон векала Вазаралиев Висадис, яздархочо Исмаилов Абус, Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан куьйгалхочо Юнусов Хьамзата, иштта, республикин кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, Вахин гергарчара а, цуьнан белхан накъосташа а.

Сайдаев Ваха винчу денна лерина суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

Хьалхара дош а олуш вистхилира яздархо Исмаилов Абу.

– Ваха суна вевза дукха хан ю. Тхойшиъ вевзичхьана дуьйна тхуна юкъахь мерза гергарло а ду. Тахана а, къар ца луш, шен болх беш схьавогIуш ву. Сайна иза вевзаш хиларх дозалла до ас, – бохура цо.

– Дуьнен чохь шех ала дош дуьтуш верг ирсе ву. Иштта Вахас а дитина шех ала дика дош. Шен могашалла а ца кхоош къахьоьгуш схьавогIуш ву иза тахана а. Лаьа, тахана санна могашалла а йоцуш, болх бан хьуьнар а долуш иза вайна кхин а дуккха а шерашкахь вехийла, – элира Вазаралиев Висадис.

Цул тIаьхьа, министерствон цIарах Сийлаллин грамота а, министран Умаров Джамбулатан «Фактор КРА» книга а, иштта кхидолу совгIаташ а дIаделира цо Вахина.

Ваха догцIена а, цхьаьнца а хьагI йоцуш а хиларх лаьцна элира шен къамелехь Юнусов Хьамзата.

– ХIора а стеган амалехь цхьадерг къаьсттина дика хеташ хуьлу. Ткъа Вахин амалехь суна уггаре а дика хеташ дерг, иза цхьана а стагаца гамо а йоцуш, массаьрца а кIеда-мерза а, велавелла-векхавелла а волуш иза хилар ду. Со студент а волуш волавелира «Грозненский рабочий» газетехь зорбане юьйлу цуьнан статьяш еша. ХIетахь оцу газетехь оьрсашна юкъахь болх беш нохчийн журналист 3–4 бен вацара. Царна юкъахь вара Ваха а. Шен белхан декхаршца дика ларош а, сий-ларам а болуш чекхвелира иза. Ша къона волчу хенахь дуьйна ма-хиллара, тахана а ву иза тIах-аьлла шен болх беш, – дийцира цо.

Сайдаев Вахех лаьцна довха дешнаш ала луурш дуккха а бара. Къамелаш диначара цхьатерра билгалдоккхура Ваха дика журналист хиларал сов, дика накъост а, адам а хилар.

Ваха винчу денна лерина суьйре шен забаршца а, иллешца а хазйира Исламов Султана. Исраилова Тоитас пондарца эшарш лекхира.

Шен лерам а бина, оцу суьйренехь дакъа мел лаьцначарна баркалла элира журналистикин къаночо Сайдаев Вахас. Цул тIаьхьа, Вахица цхьаьна безамна суьрташ дехира гулбеллачара.

З.ЛОРСАНОВА

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: