Жоп доцуш дисина хаттар
Дукха хан йоццуш ишттачу суьртан теш хилира со. Шен да-нана долчу хьажа-хIотта еана жима зуда деца цхьацца дуьйцуш лаьтта. Керта вогIу церан гергарлонах волу жима стаг. Дега хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, цIе а йоккхуш, зудчуьнга хIусамда хотту кIанта, амма вукхо, шена ца хезначух, жоп доцуш дуьту цуьнан хаттар.
ЙоIерчу хьолах кхеттачу дас, цхьа кхин хабар юкъа а доккхий, кхечу хорша дерзадо къамел.
ХIунда дитира жимачу зудчо гергарчу кIентан хаттар жоп доцуш? ЙоIана товш дацара шен да волчохь шен хIусамдех лаьцна дийцар, амма кIантана нохчийн и гIиллакх ца девзачух тера дара.
Делахь-хIета, кегийчу наха дагахь латто деза: бехке стаг волчохь (ненахой, стунцахой, марзахой, цIийнан баккхийнаш, зудчо ваша волчохь) вовшийн я доьзалийн цIерш йохуш, уьш хьехош хабар дийцар зудчунна а, стагана а товш дац.
Схьайола, охьахаа…
Пассажираш дIасалелочу автобус чу йолу 17–18 шо хир долуш йолу йоI. Гатте ю, охьахаа меттиг яц, оцу балхана ша бехке йолуш санна, гIеххьа йоьхна хуьлуш, дIатаръяла гIерта иза.
Дехьо гIантахь хиъна Iачу кIанта, хьалагIоттуш, олу: «Схьайола, охьахаа, йоI». Амма важа, кIант хьала а гIаттийна, охьахаа бегIийла ца хеташ, йист ца хуьлуш лаьтта.
И сурт гуш йолчу хенарчу зудчо. Йало охьахаа, и кIант хьол атта вогIур ма ву» аьлча, шена еллачу метте охьахуу йоI.
Хаза гIиллакх ду кIанта гайтинарг, иштта хила а догIура, бакъду, нохчийн зуда, атта Iийр яц, стаг тIе а хIоттийна, хиъна (пхийттара ваьлларг муьлхха а къонахийн могIаршкахь лоруш ву).
Стаг тIевеача зуда хьалагIоттуш а, цунна охьахаа меттиг луш а ду вайн. Амма гатте йолчохь, ирахь латта ницкъ оьшучохь я кхераме хьал долчохь, зударшна, къаьсттина зудаберашна, кегийчу зударшна, бегIийла дерг лаха деза.
Йоьттинчу автобус чохь, цкъа дIатухуш, тIаккха схьатухуш, ирахь латта атта дац йоIана.
Доцца аьлча, юкъараллин меттигашкахь, арахь, новкъахь зударшна аьтто берг лохуш, царна вошалла деш хила веза стаг.
Хь.ДОВКАЕВ
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 25-гIа де, 2017 шо