Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вайн республикехь доьзалан мехаллаш чIагIъярна тIехьажийна дIахьош болу болх Iаламат доккха маьIна долуш а, мехала а хилар.
Дукха хан йоццуш, вайн республикин Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iеламнахе дийхира доьзалийн мехаллаш чIагIъярна тIехьажийна бахархошца дIахьош болу кхеторан болх жигарбаккхар.
Цуьнан и дехар кхочуш а деш, гIалийн округашкахь а, муниципальни кIошташкахь а вовшахтоьхна белхан тобанаш. Цара болх бийр бу доьзалашкахь барт боьхна хьал хилча зудчун а, цIийнден а я марзахойн а, несан а барт беш, доьзал дIаса ца къастуьйтуш, наний, беррий вовшах хьоьгуш, вовшах къастийна хьал ца хилийтарехь, доьзална вовшийн сий-ларам чIогIа хилийтарехь.
Нагахь санна доьзал дIасакъаьстина меттиг нислахь, доьзал цхьаьнатухур бу, царна юкъара вас, гамо дIаяккха некъ лохур бу.
Инстаграмерчу шен агIонехь Нохчийчоьнан законаш дахаран органан куьйгалхочо Даудов Мохьмада яздина: «Стагана уггаре а коьртаниг шен доьзал бу». Цо дийцарехь, Iедалан векалша, юкъаралло, Iеламнаха дерриге а дан деза доьзалш дIаса ца къастийта, доьзалш ца бохийта, доьзалшкахь барт, марзо хилийта. ХIунда аьлча, барт боцучохь беркат лаьттар дац, беркат доцчохь, барт боцчохь ирс соцур дац.
«Бараллехь дуьйна доьзало Iамадо вай вовшийн сий-ларам бан, шена уллехь болчеран хьокъехь гIайгIа бан, церан гIуллакхе хьажа, церан догъэца. Доьзал бу халкъан гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк, яхь-юхь ларъеш, баккхийчара къоначаьрга дIакховдош, заманаша хедор йоцу зIе хилла лаьтташ берг. Доьзалехь Iамош ду бусалба дин а, дерриге а», – боху М.Даудовс.
Юкъаралла могаш хилийтарна а, тIекхуьуш йолчу къоначу тIаьхьенан кхане ирсе хилийтарна а Iаламат мехала ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дина и тIедиллар. Иза кхиамца кхочушдаро оцу Iалашоне кхачориг хиларх тешна ву Даудов Мохьмад.
Цо чIагIдарехь, Нохчийн Республикин Парламенто, хьалха а санна, боккха тидам тIебохуьйтур бу бахархойн
Iер-дахар тодарна, доьзалан институт чIагIъярна, ноналлин, бераллин гIолацарна, къанойн терго ярна, доьзалш бертахь, ирсе бахийтарна.
Цу хьокъехь дерг дуьйцу республикин Парламентан пресс-службин хаамашкахь. Гуш ду вайн Парламентан куьйгалла баккъал а, вайн доьзалш бертахь баха лууш хилар, бераш я дех а я ненах а хьоьгуш, ирсах хаьдда, кхуьийла лууш цахилар. Вайн массеран а юкъара лаам бу-кх иза.
С.ХАМЗАТОВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо