кхушеран 15-чу сентябрехь
Нохчийн пачхьалкхехь езна ца Iаш, дуьненахь ша дIакхаьчначу меттехь адамийн дегнаш эца хиъначу «Вайнах» хелхаран ансамблан 75 шо кхочур ду 15-чу сентябрехь. Цуьнан кхоллараллин коллектив даздаршна кечамаш беш ю. Концертни программашна юккъехь шира а, керла а хIиттийна номерш хир ю. Соьлжа-ГIаларчу амфитеатрехь дIахьур ду оцу юбилейна лерина даздарш.
Цигахь дакъалоцур ду Россехь а, Нохчийчохь а, ткъа иштта дуьнен чохь а гIарабевлла бевзачу политикаша, юкъараллин организацийн векалша, ткъа иштта культурин а, искусствийн а деятельша. Къилбаседа Кавказехь ламаст хилла дIа ма-хIоттара, даздаршкахь дакъалаца богIур бу вайн луларчу республикийн культурин министерствийн векалш, гIараяьлла евзачу «Вайнах» ансамблан хеннара хир йолчу хореографически коллективийн куьйгалхой а, солисташ а.
«Вайнах» ансамблан кхолламехь шайн лар йитина ветеранаш а хир бу лерамечу хьешашна юкъахь. Ала лаьа, «Вайнах» ансамбло доккха дакъа юкъадиллина нохчийн культура дозанал арахьа йовзийтарехь а, ткъа иштта вайн республика юхаметтахIоттош адамийн дог-ойла ира-кара хIотторехь а. Дуккха а доьзалшка, нохчийн а, Кавказан а къаьмнийн хелхарш дезачу хьовсархошна хийлазза зовкх латтийна цара.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА