ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира Нохчийчохь «Кхерамазалла хилийтарехьа» цIе йолу кампани дIайолорна лерина пресс-конференци.
И дIахьош «2013–2020-чуй шерашкахь некъан боламан кхерамазалла лакхаяккхар» федеральни Iалашонан программа кхочушъяран гурашкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пачхьалкхан автоинспекцица цхьаьна Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийн Республикехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь. Хьалхара проект тIеэцна Нохчийчоьно.
Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан векал Алиев Данилбек, полицин инарла-майор, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон некъан боламан кхерамазалла латторан коьртачу урхаллин (ГУ ГИБДД МВД РФ) хьаькаман заместитель Бугаев Павел, «Кхерам боцу болам» цIе йолчу экспертийн туьшан президент Агре Наталья, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин Нохчийн Республикин урхаллин хьаькаман заместитель, полицин полковник Сааев Хьаьжмурд, некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин Нохчийн Республикин урхаллин пропагандин декъан хьаькам Танталашев Адам, Нохчийн Республикин министерствийн, ведомствийн векалш.
Пресс-конференци дIайолош Танталашев Адама дакъалацархошка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, цара практикин а, методикин а декъехь гIо дарна царна баркалла элира.
– Таханлерчу дийнахь некъан боламан кхерамазалла хилийтарна тIехьажийна дIахьош мероприятеш ю вайн республикехь. Нохчийн Республикин бусалбанийн урхалло а, юкъараллин гIуллакххоша а массо а агIор гIолацар бахьанехь, бераш лазор, некъаш тIехь бохамаш хилар мелла а лахдан ницкъ кхаьчна тхан, – элира А.Танталашевс.
Цо дийцарехь, Соьлжа-ГIалин некъашкахула шаьш буьйлабеллачул тIаьхьа, экспертийн туьшан векалша лаккхара мах хадийра кхузарчу некъийн дикаллин а, хила ма-езза хIиттийначу некъан билгалонийн а.
Шен къамелехь «Кхерам боцу болам» экспертийн туьшан президента Агре Натальяс билгалдаьккхира «Кхерамазалла хилийтарехьа» цIе йолу керла социальни проект вайн махкахь некъан боламан дакъалацархойн культура лакхаяккхарехьа тIаьхьарчу 10 шарахь биначу белхан дика тIаьхье хилар.
Бугаев Павела дийцира дIахьош йолчу акцеша некъан бохамаш ца хилийтарна дикачу агIор тIеIаткъам беш хиларх а, юкъара гIуллакхаш кхочушдарехь пачхьалкхан автоинспекцис граждански юкъараллица цхьаьна юкъаметтигаш лелош хиларх а лаьцна.
– Оцу программин гурашкахь дIабахьа лерина дуккха а болх бу. Цуьнан Iалашо ю некъан боламан декъехь хуьлуш долу талхораш гайтар а, некъашца кхерамаза лелийтархьама берийн хаарш шордар а, машен лелоран культура лакхаяккхар а, некъан-траспортан бохамашкахь лазийначарна гIо даран кхузаманан къепе кхоллар а, водительш кечбаран лехамаш лакхабахар а, – билгалдаьккхира П.Бугаевс.
Иштта пресс-конференцехь тидам тIебахийтира республикин некъашкахь видеотергояр кхачаме хилийтаран гIуллакхна а.
I.МУРТАЗОВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо