Юьхь дегайовхо кхуллуш ю

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь 2 тур чекхъяьлла. ХьошалгIахь Дона-тIерачу-Ростов гIалин «Ростов» командица ловзуш яра «Ахмат».

2015-чу шарахь дуьйна шен цIахь эшна яц «Ростов», цундела кхеташ дара ростовчанаш, шаьш тоьларг хиларх цхьа а шеко йоцуш, ловзаран майдана бевлла хилар. Амма хьошалгIахь бара аьлла,
юхабевр болуш соьлжагIалахой а бацара. Хьалхара тайм, жамI 0:0 долуш, машарца йирзира. ШолгIа тайм йолалуш, тIелатархо Балай Садаевца хийцира «Ахмат» командин коьртачу тренера Кононов Олега. И хийцам барехь галваьлла а ца хиллера тренер – 55-чу минотехь Заура тоьхначу буьрканна дан хIума ца хилира хIусамдайн кевнахочун.

Иэшаран кхерам тIехIоьттинчу ростовчанаша марсадехира шайн тIелатарш, амма «Ахмат» командин футболистийн ницкъ тоьира шайн ков лардан. Иштта, жамI 0:1 долуш, хьошалгIахь толам баьккхира «Ахмат» клубо. ХIинца, шен чоьтехь 6 очко йолуш, турниран таблицехь 4-чу меттехь ю «Ахмат». Гуш ма-хиллара, юьхь дегайовхо кхуллуш ю.

РогIерчу турехь «Ахмат» шен цIахь Москварчу «Динамо» командица ловзур ю.

Хь.АБАЕВ

№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: