Соьлжа-ГIалахь пхи эзар хьажархочунна лерина дукхахьаштийн волейболан цIа (дворец) дар чаккхене дирзина.
Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин спортан а, физкультурин а министра Хизриев Хасмохьмада. Цо дийцарехь, гIишлояр дерзоран гIуллакхаш ду дIахьош.
«Белхаш 90 процентана бина бевлла, кхузахь къахьоьгуш пхи бIе гергга белхало вара, техникин леррина ткъе итт сов машен а яра», – элира цо.
Волейболан цIа дукхахьаштийн хир ду. Министра билгалдаьккхира спорткомплексехь дуьненаюкъарчу тIегIанехь спортан мероприятеш – спортан тайп-тайпана кепашкахула йолу Европин а, дуьненан а чемпионаташ (цу юкъахь баскетбол, гандбол, дзюдо, латар, малхбалехьара вовшахлатарш, кхиерш а) – дIаяхьа таро хирг хилар. Иштта, цхьана хеннахь ялх командин тренировкаш йойла а хир ду цигахь.
Объектан майда 8500 квадратан метр сов ю. ГIишлошъярехь кхерамазаллин а, дикаллин а берриге лехамаш ларбина. Волейболан цIийне 9 балле кхаччалц мохкбегор лалур ду, Х.Хизриевс дийцарехь.
Республикехь дуьххьарлера дуьненаюкъарчу тIегIанера волейболан спорткомплексан гIишлояр 2016-чу шеран оханан (апрель) баттахь долийна. Еа корпусах лаьтташ ю комплекс, царах шиъ – административни, иштта конференц-зал а, ловзу меттиг а, vip-зона а ю.
А.СУЛИМАНОВА
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо