США-н Конгрессехь тIеэцна Россина дуьхьал йолу санкцеш чIагIъяран хьокъехь долчу законан проект. Цуьнца доьзна Еврокомиссис дIахьедина США-н санкцеша уггаре а хьалха чIогIа тохар Европин экономиканий, энергетиканий дийриг хилар а, Европин хьашташ оцу санкцех лардархьама дерриге а дийриг хилар а.
***
Хонкаран Президента Р.Эрдогана Израиль бехке йина Иерусалимехь а, Зератан (Храмовый) ломахь а тIеман цIе таса гIертарна. Цо даррехь дIахьедина бусалбанашна дуьхьал Израилан куьйгалло дIахьош йолчу политикина ша реза цахилар. Цунна хетарехь питане политика ю цо дIахьошъерг.
***
ООН-н маслаIатхой тIехь болу Германин вертолет Малихь доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хилла 2 маслаIатхо а, пилот а кхелхина. Кема дохаран бахьана толлуш бу Малин а, Германин а говзанчаш.
***
Шемахь машар баран гIуллакхаш ду дIахьош. ТIемаш бар совцийначу гIаланашкахь а, ярташкахь а бехаш болчу маьршачу нахана кхачанан сурсаташца гIо-накъосталла деш бу Россин МЧС-н белхахой. Иштта, хIокху деношкахь 10 тонна гуманитарни гIо дIакхачийна Дамаскерчу а, Бутерчу а бахархошна.
***
Испанин Премьер-министр Мариано Рахой стомара, теш санна, суьде кхайкхира. Иза коьртехь волу Халкъан Парти бехке еш ю коррупцица доьзна гIуллакхаш лелорна. Цу хьокъехь дара суьдехь Премьер-министре дина хаттарш. Партин декъашхоша коррупци лелоран хьокъехь шена хууш хIумма а дац бохура М.Рахойс.
***
Брюссело Польшин куьйгалле дIахьедина махкахь суьдашна, церан балхана реформаш яр саца ца дахь, Евросоюзехь кхаж тасаран бакъо Польшера дIайоккхург хиларан хьокъехь. Иштта дIахьедар дина Польшехь оцу реформашна резабоцучу бахархоша митингаш еш хиларца доьзна.
***
Нигерехь дукха гIаьтнаш долу цIа доьхна. Оцу бохамехь 8 стаг кхелхина. Кхин а 20 стаг лохуш ву. Цкъачунна хууш дац царах хилларг. Доьхначу цIийнан саьлнаш дIаяьхча, уьш карориг хиларе сатесна бу церан гергарнаш а, ткъа иштта кIелхьарбахархой а.
***
Чинехь некъан-транпортан бохам хилла микроавтобус а, киралелон машен а вовшахкхетар бахьана долуш. Оцу бохамехь 5 стаг кхелхина, 10 стаг лазийна. Бохам хиларна бехке мила ву хьовсуш, талламан белхаш дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.
***
Украинин Президентан П.Порошенкон Указаца оцу мехкан гражданствех ваьккхина шен аьрхачу амалца вевзаш волу Саакашвили Михаил. Карарчу хенахь США-хь ву иза. Амма цIаверза лиъча а, цIаверза мохк боцуш висина декъаза политик. Дагадаийта деза М.Саакашвили Гуьржийчоьнан гражданствех а ваьккхина хилар.
***
Россин Президент В.Путин стомара Петрозаводскехь (Карели) хилира. Цо цигахь кхеташо дIаяьхьира Стратегийн дIадолорийн Агентствон терго яран Советан декъашхошца. Цигахь коьртачу декъана дийцаре дира бизнес кхиоран а, регионашна инвестицеш яран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Правительствон Председатель Д.Медведев цхьаьнакхийтира «Ростелеком» ПАО-н президентаца М.Осеевскийца. Цара дийцира вайн махкахь интернет зIе кхиоран хьокъехь долчу гIуллакхех лаьцна. «Ростелеком» куьйгалхочо дIахаийтира медучрежденеш уггаре а сихачу интернетах дIахотта шаьш кийча хилар.
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо