ТIеман-тактикин «ЗАРЯ» ловзарийн вовшахтохараллин федеральни комитето Советийн Союзан Турпалхойн клубаца а, Россин Федерацин Турпалхойн Сийлаллин Орденан буьззинчу кавалерашца а цхьаьна, Россин Федерацин оборонин министерствон а, Россин ДОСААФ-н а гIоьнца, 2017-чу шеран товбецан (сентябрь) 9-10-чуй деношкахь «Алабино» (Москван область) полигонехь Россин Федерацин оборонин министерствон Кубкан «ЗАРЯ: сутки на броне» аьллачу Ерригроссин XI-чу тIеман-тактикин ловзарийн финал дIахьур ю.
2017-чу шеран тIеман-тактикин патриотийн-Iаморан ловзарш эскарехь гIуллакх дан декхарийлахь болчу кегийрхошна юкъахь дIадахьаран графика Россин Федерацин Герзашца кечдинчу ницкъийн Коьртачу штабан хьаькама В.Герасимовс чIагIйина.
ТIеман-тактикин «ЗАРЯ» ловзарша тIеман-патриотийн декхарш лаккхарчу тIегIане дIадахьарехь кегийрхойн эскаршкахь гIуллакх дан лаар алсамдаккхарехь, иштта, уьш массо а агIор кечбарехь доккха дакъалоцу.
Дакъалаца лууш болу эскарехь гIуллакхдан декхарийлахь болу кегийрхой ловзаршна кечйинчу меттиге дIасабигар а, цигахь толам баьккхинчу тобанашна а, билгалбевллачу кегийрхошна а совгIаташ дар а дIахьур ду вовшахтохараллин комитето.
Цунах дерг кхин а алсам довза таро ю хIокху зIенашца: Брагин Виктор, тел.: +7 (495) 637-38-60, +7 (916) 017-39-88, e-mail: zarianews@gmail.com
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо