XV-XVI-чуй бIешерийн муьрехьлера Россин истори евзачунна гIалагIазкхий ца бевзийла дац. Аьлча а, гIалагIазкхий «кхоллабаларан» бахьана. И хаттар историкашна а, историезархошна а дитина, вай билгалдоккхур ду таханлерчу дийнахь гIалагIазкхий Россин ерриге а субъекташкахь, СНГ-н пачхьалкхашкахь баьхна ца Iаш, Европехь а, Iамаркахь а, ур-атталла Австралехь а бехаш хилар. Лахахь вай дуьйцур ду Нохчийчохь бехачу гIалагIазкхех лаьцна.
Кхузахь уьш, ламаст а хилла дисина ма-хиллара, Шелковски а, Невран а кIошташкахь беха. Бакъду, гIалагIазакхийн цхьацца болу доьзалш Грозненски а, Гуьмсан а, Соьлжан а, Теркан а кIошташкахь бехаш а бу.
Шелковски кIоштахь болх беш церан культурин ши туш ю – Дубовски станицехь а, Оьрза-ГIалахь а. Ткъа Невран кIоштарчу Новр-ГIалахь болх беш ГIалагIазкхийн культурно-кхеторан методикин туш а ю. Цул сов, 2016-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь дуьйна, республикин Правительствос тIеэцна План а ю. «2020-чу шаре кхаччалц гIалагIазкхашца йоьзна йолу Россин Федерацин пачхьалкхан политика кхиоран стратеги» кхочушъярна лерина ю иза. Цу тIе, «Нохчийн Республикехь региональни политика а, федеративни юкъаметтигаш а кхиор» цIе йолчу Нохчийн Республикин Пачхьалкхан программин гурашкахь тIеэца кечйина «Нохчийн Республикин гIалагIазкхийн юкъараллашна гIо даран подпрограмма» а ю, иштта, хIора а шарахь дIахьош «Терка тIера Дона тIе кхаччалц» аьлла йолу Регионашна юкъара конференци а ю.
Билгалдаккха догIу оцу конференцехь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташкахь йолчу гIалагIазкхийн юкъараллийн векалш хилла ца Iаш, Къилба федеральни округерчу субъекташкара векалш а хуьлуш хилар.
Иштта, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а бу меттигерчу гIалагIазкхашца (Теркан-Соьлжан округан гIалагIазкхийн юкъараллица) бина барт: шайн лаамца кхоьллинчу цIеяйархойн гIаролан могIаре хIиттина церан дукхахболу божарий. Ткъа республикин культурин министерствоца бинчу бертан гурашкахь меттигерчу гIалагIазкхийн культурин туьшийн векалша Нохчийн Республикин цIарах дакъалоцу Къилбаседа Кавказехь дIа мел хьочу гIалагIазкхийн культурин мероприятешкахь.
Дагадоуьйту Нохчийн Республикин куьйгалло кхузахь бехачу гIалагIазкхашна шайн культура Iамо а, Iалашъян а аьттонаш бина ца Iаш, шайн дин лело а хьелаш кхоьллина хилар: уьш бехачу станицашкахь керстанийн кешнаш а, килсаш а ю. Цул сов, дIадаханчу 2016-чу шеран чаккхенехь Новр-ГIалахь шен неIарш схьайиллина йолу килс Къилбаседа Кавказехь йолчу уггаре а хазачу килсийн могIарехь ю.
Билгалдаккхар: Карарчу хенахь Нохчийчохь вехаш 1,4 миллион гергга вахархо ву, шайн юкъахь 96 къоман векал а волуш. Ткъа царах 1 процент гIалагIазкхий бу, вуьшта аьлча – 12 эзар ца кхоччуш.
И.ИСЛАМОВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо