Республикин прокуратурехь

Бераллин гIолоцуш…

Нохчийчоьнан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца республикехь бераллин гIолацаран Iалашонца дIакхайкхийначу белхех жигара дакъалоцу терго латторан органийн белхахоша. Иштта, Грозненски кIоштан прокуратурин коллективо жигара дакъалецира цунна гонаха йолу меттигаш, урамаш цIандеш, битаме далош. ДIаехира нехаш, дакъаделла ораматаш, тойира газонаш, кир туьйхира дитташна, некъаца йолчу бордюрашна. Устрада-ГIалин прокуратурин белхахоша муниципалитетан гIишлошна гонахара меттигаш хазъеш-тоярца цхьаьна шаьш гулйина нехаш дIаяхьийтира, бай буц хьаькхира, зезагийн кондарш кхедира, басар хьаькхира бордюрашна, цIанйира белхан а, гIоьналлин а чоьнаш.

Ямартло гучуелира

Мохьмад-ХитIе юьртан администрацехь уголовно-кхочушдаран законодательство лардар муха дIахьо толлуш Шелковски кIоштан прокуратурина гучуделира цигарчу коьртачу говзанчас-эксперта Суюндукова Гульзарас харцо лелийна хилар. Ша аьлча, цо болх бина хан хьесапе эцаран табелна тIе язбинера уьш бар тIедожош хан тоьхна волчу Хункурханов Аслана гIуран (декабрь) беттан 24–28-гIий денош чекхдовллалц йолчу хенахь (хIора дийнахь 4 сохьтехь) белхаш бина аьлла, даррехь харц хаамаш. И документ уголовно кхочушдаран инспекце дIа а дахьийтира. Ткъа иза балхахь-м муххале а ца хиллера, инспекце хьокъала боллу хаам а ца беш, Дона-тIера-Ростов гIала ваханера. Цигахь Хункурханов Россин Талламан комитетан Ростовн областехь йолчу талламан урхаллин белхахоша лецира, цо даккхий зуламаш дарехь дакъалаьцна хиларх шеконаш а кхоллаелла. Цигахь чу а воьллира. Оцу гIуллакхах хьакхалуш йолу ерриге а материалаш кIоштан прокурора талламан органе дIаяхьийтира уголовни гIуллакх долорах дерг къастадайта. Суюндукована дуьхьал уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 292-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна.

Тергоне эцна

Регионан прокурора адамаш тIеоьцучу хенахь Нажин-Юьртан кIоштан Чуьрч-Ирзерчу вахархочо Аюбов ВахIида дина хилла дехар къастийна ведомствехь. Бинчу талламо гайтира оцу юьртахь газаца кхачояр газан сеташкахь кхерамазаллин бакъенийн лехамашна жоп луш йоцчу биргIанехула дIахьош хилар. Оцу биргIин долахо вац. Кест-кеста токхамаш хуьлуш йолчу лаьмнийн меттигашкахь хиларна иза хьакъ ма-дду Iалашъян а, цуьнан техникин хьашташ кхочушдан а хала ду. Федеральни шина законаца нийса а догIуш, бахархошна газаца кхачояр вовшахтохар кIоштан меттигерчу шаьш урхалла даран органашна тIехь ду. Цунна тIе а доьгIна, кIоштан прокурора суьде искан заявлени делла кIоштан администрацис деш доцу гIуллакхаш законаца догIуш доцуш ларар а, долахо воцуш йолу биргIа хьесапе эцийтар тIедожор а доьхуш.

Зуламечу материалашна – дуьхьало

РФ-н ГПК-н 45-чу статьяца нийса а догIуш, Невран кIоштан прокурора Сербиев Iимрана суьде иск елла интернетехь зуламечу материалашна тIекхачарна доза тохийтар интернет-провайдершна тIедожор доьхуш. Цуьнан бахьана дара прокуратурина интернетан сеташкахь динах тешаш болчеран ойланаш сийсазйохуш йолчу материалех юьзна агIо карийна хилар. Муьлхха а цунна атта тIекхача аьтто болуш а вара. Россин Конституцис а, федеральни законийн нормаша а тар ца долуьйту къоман я динан цабезам, мостагIалла кхуллуш йолчу материалашна пропаганда яр.

Конкурсан жамIаш

Нохчийн Республикин прокуратурехь чекхъяьлла Россин Федерацин прокуратурин институтехь деша лаам хилар гайтинчарна юкъахь дIаяьхьна конкурс. Цуьнан жамIаш дечу хенахь комиссис хьесапе оьцура психидиагностикин талламан жамIаш, кандидатийн амалш, дешаран дикалла. Оцу гайтамашкахула толамхойх цхьаъ лерира Ясуев ИбрахIим. Толам баккхарца иза декъал а веш, регионан прокурора Абдул Кадыров Шарпуддис цуьнга дIаделира шайн цIарах Россехь тоьллачарах цхьаъ йолчу юридически вузехь деша ИбрахIимна бакъо луш долу кехат (направлени), дешарехь кIентан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира.

Суьдана хьалха хIотта дезар ду

Адвокатан Масаев Саит-Селиман уголовни гIуллакхехула долу бехкеваран чIагIдар тIе чIагIдина регионан прокуратурехь. Иза бехкево РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъана, 159-чу статьян 2-чу декъана тIедоьгIна (хаъал доккха материальни зен а деш, ямартло лело гIортар, аьлча а, тешнабехк барца нехан хIуманаш лечкъор). Талламхоша чIагIдарехь, адвоката Масаевс арахь яккха хан тохийта барт хиларна суьдхочунна дIадала деза аьлла 75 эзар соьман барамехь ахча далар тIедожийра ша уголовни гIуллакх лелош волчунна, арахь яккха хан тохаран хьокъехь сацам тIеэцнийла шена хууш доллушехь. Амма Мааевн ямарт гIуллакхаш чекх ца довлийтира Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин белхахоша. Ахча цуьнан кара ма-кхеччи лецира иза.

Коррупцица къийсам

ХIусамийн-коммунальни декъехь коррупцина дуьхьал законодательствон лехамаш кхочушбар муха дIахIоттийна ду хьаьжира Курчалойн кIоштан прокуратура. Цу тIехь бинчу балхо гайтира «Пачхьалкхан а, муниципальни а унитарни предприятийн хьокъехь» долчу Федеральни законан лехамашца галморзахдолуш доллушехь, Сайдулаев Iазизан ИсмаьIал цхьана хеннахь Курчалойн кIоштехь леррина йолчу муниципальни унитарни «ХIусамийн-коммунальни бахаман производственни урхалла» предприятин хьаькам а, доза тоьхначу жоьпаллин «Рустам С» юкъараллин ша цхьаъ бен воцу учредитель а хилар. Ишттачу хьоло ша кхоьллинчу юкъараллина гIоленаш ярна Сайдулаевс, шен куьйгаллин бакъонех пайда а оьцуш, бегIийла хьелаш кхолла тарлуш хилар хьесапе а эцна, кIоштан прокурора Ахматов Джабраила кIоштан администрацин куьйгалхочунна тIедиллира закон талхор дIадаккхар. Ткъа пачхьалкхан а, муниципальни а службин хьокъехь долчу законодательствон лехамаш кхочушбар талларехь гучуделира дуккха а меттигашкахь муниципальни гIуллакххоша, муниципальни даржаш дIалоцуш болчара шайна тIебогIучу пайданех, ечу харжех, бахамех, бахамаллин амал йолчу тIелацамех лаьцна харц хаамаш беш хилар. Декларацеш тIехь билгалъяьхна яц долахь йолу транспорт, бахам, лаьттан дакъош, хилла пайданаш. Цуьнца доьзна Хьиди-КIотаран, Iаларан, Гелдаганан, БIачи-Юьртан, Курчалой-Эвлан, Аьхкинчу-Борзан, ЖугIуртан, РегIатIе яртийн администрацешкахь законаш талхор дIадаккхар тIедожийна кIоштан прокуратуро.

Уголовни гIуллакх долийна

Ша бинчу талламан материалийн буха тIехь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан прокуратуро уголовни гIуллакх долийна Соьлжа-ГIаларчу №7 йолчу клиникин больницин коьртачу бухгалтерна Абдулхамидова Хьавана дуьхьал. Гучудаьлла яр тIехь а долуш социальни страховани ярна, къинхьегамна ханна пайдехь цахиларна луш долчу страховой ахчанах учрежденин белхахошна ахча далархьама харц ведомость цо хIоттийна хилар. ДIадала билгалдинчу ахчанан юкъара барам 760 эзар сом бара. Цул тIаьхьа Абдулхамидовас харц ведомоста тIехь белхахойн метта куьйгаш а яздина учрежденин кассера ахча схьаийцира. Цунах шен Iалашонна пайда а ийцира. КIоштан прокуратуро дIаяхьийтинчу материалийн буха тIехь Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикерчу Талламан урхаллин Заводской МСО-хь Абдулхамидована дуьхьал уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 292-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: