Дуьненаюкъара терроризм а, экстремизм а хьахийча вайна уггаре а хьалха дагайогIу Шема, Иракъ, Ливи, ОвгIан. Иза ларамаза дац. ХIунда аьлча оцу а, цхьамогIа кхечу а пачхьалкхашкахь шайн зуламийн машанаш бузуш, къизалла яржош, маьрша бахархой, цу юкъахь бусалбанаш а Iазапехь, кхерамехь латтош бу дуьненаюкъарчу терроризман векалш. Шайн къаьсттинчу къизаллица гIараевлла ю «Иблисан пачхьалкх», «Джабхат-ан-Нусра», Боко-Хьарам», «Талибан» цIерш йолу гIеранаш. Дуьненан массо а маьIIера схьабаьхкина зуламхой, террористаш, экстремисташ бу цIераш яьхначу а, кхечу а гIеранашкахь дакъалоцуш.
Цхьанна а къайле яц цхьана дийнахь сарралц тIом бан а дуккха а герз, кхачанан сурсаташ, тIе-кога юха, кхиерг оьшуш хилар. Делахь-хIета цхьана а террористийн организацин кIиранах тIом бан а, (аьлча а зуламаш дан) ницкъ кхочур бацара шена цхьамма гIо деш дацахьара, шайна садаIа, могашалла меттахIотто, са юхатоха меттигаш луш яцахьара, кхидолу хьелаш кхуллуш дацахьара.
Ала дашна, Шемахь а, Иракъехь а тIемаш беш болчу террористашна бакъонца гIортор хилла дIахIиттина Израилан а, США-н а леррина службаш. Цара террористашна ахчанца, герзашца кхачо йина ца Iаш, чевнаш хиллачарна дарбанаш леладо, гIелбеллачарна могашалла меттахIотто хьелаш кхуллу (къайлах а, даррехь а).
Юха, кхайкхамаш бо оцу а, кхечу а пачхьалкхийн политикаша шаьш дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал а ду, цуьнца къийсам дIахьош а ду, бохуш. Цара, США коьртехь йолуш, террористашца «къийсам дIабахьа» Коалици а вовшахтоьхна.
Амма оцу «къийс аман» жамIаш Шемара а, Иракъера а маьрша бахархой белхош, холчу хIиттош, террористаш, экстремисташ белош ду. Коалицин тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а дукха хьолахь маьршачу бахархошна етташ ю, иттанаш, бIеннаш адамаш хIаллак а деш. Царна юкъахь бераш а, зударий а, къаной а хуьлу. Коалицин кеманийн бомбанаш больницашна а, школашна а тIе а эга. «Ларамаза». Амма цкъа а ларамаза террористийн а, экстремистийн а лагершна тIе-м ца кхета.
Коалицин декъашхой йолчу пачхьалкхийн куьйгалхой къаьсттина карзахбовлу террористаш Иракъан а, Шемин а Iедалан эскарша гатбина хьовзийча. Иштта хилира Иракъерчу Мосулехь а, Шемарчу Латаки а, кхечу а шахьаршкара террористаш, гуонна юккъе а берзийна, хIаллакбан болийча. Цара маьхьарий хьоькхура: «Ва, орца дала! Мосулера маьрша нах хIаллакбеш бу!… Ва, Шемарчу Пальмирехь, Раккехь, Хомсехь, Латакехь историн хIолламаш хIаллакбеш бу, цхьана муьрана машар бан беза!», – бохуш.
Иштта орцанаш ца дохура я Iамарко а, я Израило а, я Малхбузерчу цхьана а пачхьалкхо а хIокху шеран асаран (июнь) бутт юккъе боьдучу хенахь Коалицин кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна еккъа цхьана Ракки шахьарахь 300 сов маьрша стаг вийча а, масех бIе стагана чевнаш йича а. Цхьа а вист ца хилира. Цхьа а. Еккъа цхьа Росси йоцург. Цуьнан политикаша а, дипломаташа а дIахьедарш дира, цу тайпа зуламаш дан мегарг цахилар дIа а хаийтира. Церан аз цхьанна а ца хезира, цаьрга цхьамма а ла ца дуьйгIира.
Цул тIаьхьа, Д.Трамп а, В.Путин а 20 пачхьалкхийн Саммитехь цхьаьнакхетча, дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьа безаран а, Шемара хьал, тIамца а ца гIерташ, политикин некъаца, машар лахарца къасто дезаш хиларан а хьокъехь дерш. Шемахь машар бан хьовса дезарна ша реза хиларан кеп хIоттийра Iамаркан куьйгалхочо. Иза ца ладелира Израилан Премьер-министре а, кхечу куьйгалхошка а. Цара сихонца дIакхайкхийра Шемахь машар бан гIертарна шаьш реза цахилар. Бахьана ца дуьйцура. Бахьана дан а дац-кха. Царна ца лаьа-кха Шемахь а, Иракъехь а, Ливехь а, ОвгIанехь а, Нигерехь а, Иранехь а, Йеменехь а машар хуьлийла, бусалба халкъаш паргIат дехийла, кхуьийла, дебийла. Цунах къайле ян гIертахь а, иза гучудалаза ца дуьсу политикаш сихаллехь дош ала гIоьртича.
Баккъал а терроризмана а, экстремизмана а Iамарк а, Малхбузера, Европера пачхьалкхаш а дуьхьал хилча, цаьрца къийсам цхьаьна дIабахьа лууш хилча, Россис санна «Иблисан пачхьалкх», «Джебхат-ан-Нусра», «Бако-Хьарам», «Аль-Каида», «Аш-Шабаб», кхийолу террористийн организацеш шайн мехкашкахь ехка хIунда ца йоьхку цара?
Дера ца йоьхку царах цхьайолу гIеранаш шаьш къобалъеш хиларна, царна шаьш гIо-накъосталла деш хиларна, уьш шайн лаама тIехь хиларна.
Тахана а террористийн боламашна ахчанца, герзашца, кхачанан сурсаташца гIо деш ю Франци, Германи, Великобритани, кхийолу пачхьалкхаш. Шемахь, Иракъехь, кхечанхьа террористашкара схьадаьхна герзаш я Iамаркехь, я Европин пачхьалкхашкахь динарш хуьлу. Муха кхочу уьш террористашка?
Башха жоп леха оьшуш хаттар иза дацахь а эр ду вай: оцу пачхьалкхаша шаьш дIалуш ду-кх царна, патармин биста кхаччалц, террористашкахь мел долу герзаш, цу юкъахь ракеташ а.
Цунах тоам бина, иза кхачаме хетта Iаш а бац вай юьйцуш йолчу пачхьалкхийн лерринчу службийн говзанчаш а, куьйгалхой а. Иза чIагIдеш долу тоьшаллаш кест-кеста гучудуьйлу вайна. Масех де хьалха Иракъерчу Мосул шахьарахь бисинчу террористашна Iедалан эскарша тIелатар дечу хенахь цара йийсаре лецира цхьа террорист. Иза Германера еана хиллера. Леррина кечам а бина. Террористашца цхьаьна Иракъерчу бусалба нахана дуьхьал тIом бан. Амма дIора бIаьхо а ца хиллера иза. Кхиболу террористаш бовдучу хенахь, царах хаьдда йисинера. Цо дийцарехь, террористашна юкъахь Германера, Францера, кхечу пачхьалкхашкара кегийрхой а, мехкарий а бу. Уьш бIеннашкахь бу. Кест-кеста кеч а беш, Шеме а, Иракъе а хьовсош а бу. Цундела ларамаза дац таханлерчу дийнахь (ООН-н Кхерамазаллин Советан хаамашца) «Иблисан пачхьалкх» а, «Джебхат-ан-Нусра» а террористийн организацешна юкъахь 20 эзар гергга стаг хилар.
Церан могIарш тIедузаран, денна хIалакбеш болчу террористийн метта керланаш дIахIитторан Iалашонца, оццу Малхбузерчу лерринчу службийн говзанчийн гIоьнца дерриге а дуьненахь дIахьош бу идеологин болх. Иза дIабахьарехь нислуш йолу дуьхьалонаш хьесапе а оьцуш, керл-керла кепаш юкъайоху цара и болх дIабахьарехь. Къаьсттина шуьйра пайдаоьцу интернетах, шуьйрачу хаамийн кхечу электронни гIирсех. Шайн идеологин геланчаш дуьненан ерриге а пачхьалкхашка дIасахьовсон хьовсу уьш. Иза бIаьрла хаало Нохчийчохь Iаш долчу вайна а. Терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам а баьккхина, уьш вайн махкара лахка а лаьхкина, царах Нохчийчоь цIан а йина Iаш доллушехь, вай долчу а кхочу оцу зуламан хьу. Наггахь меттиг йогIу вайн цхьаболу кегийрхой церан говзачу, мекарчу, ямартчу маттах, къамелах Iехалуш. Делахь а, бакъонаш ларъяран органаш а, Iеламнах а сема хилар бахьанехь и хьу сихха, зуламе ялале дIаяккха аьтто болу.
Делахь а, вайн ерриге а юкъаралла хила еза сема. Массо а доьзалан да-нана шен доьзалхочун амал, лелар, ойла хийцало я ца ло хьожуш хила деза. Вайн мостагI – дуьненаюкъар терроризм – дийнахь а, буса а, иблисан гIоьнца дуьненахь къизалла, зулам даржо гIерташ ву. И дагахь латто деза вай массара а. Вай мало йинчу минотехь, вайн само гIелъеллачу сохьтехь вайн хIусаме кхача тарло иза. Иштанниг хилийта йиш яц вайн. Нохчийн халкъо цкъа Iаьвшина терроризман а, экстремизман а къизалла, Iазап. Цундела вайна тIехь ду цунах лардалар, вайн къона чкъор цунах лардар, кхетор, терроризман маьIна, Iалашо царна йовзийтар. Бусалба дин дохо, бусалбанаш хIаллакбан арабаьлла иблисан бIо бу иза. Цунна гIо деш мел верг Делах ваьлла, бусалбаллех хаьдда стаг ву. Денна цунах лаьцна дуьйцуш бу вайн Iеламнах маьждигашкахь а, гуламашкахь а, телевиденехь а, хаамийн кхечу гIирсашкахь а. Цаьрга ладогIа. Цара бохург схьалаца. Мила ву а, мичара ву а, хIун Iилма долуш ву а цахуучу хийрачу стага бохучунна тIаьхьа хIуттучул.
Царах Iеха ца даллал хIума гина ду-кх вай. Цаьрга лецадайттал дуьне, дуьненахь долу хьал девзаш хила дезаш а ду. Деккъа цхьа хIума мукъане а хаа деза: масийтта доза а, пачхьалкх а хадийна, хьуна дика дан хьаьгна цхьа а кхочур вац Нохчийчу. ХIинццалц кхаьчна-м вац. Зулам, сийсазалла йохьуш верг бен!
С.ХАСАНОВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо