Суна тIаьхьахIитта
Шелковскехь тезет хатта таксисташна тIе доьлху тхо. Юьртахь мила мичахь ву царна дика ма хаьий.
– Харьковске боьдучу новкъа дIа а дерзий, шолгIа некъ жIара болучохь аьтту агIор дерза, тIаккха дикка дIадахча…, – дийца волало цхьаъ.
– Иштта дийцарх шу кхетта а девр дац, со а ву цига ваха везаш, схьа тIаьхьа хIитта суна, – олий, кхин тхо дистхила ца кхуьуьйтуш, шен машен дIайолайолуьйту кхечо. ДIакхаьчча хиира тхуна иза тезетахь хиллийла.
«Шу генара дуй хиъна, шуьга илла-билла ца бахийта элира ас со кхуза ван везаш ву, со тезетахь хилла ву, шун дахар-дахкар Дала Шен дуьхьа дойла», – аьлла, юхавирзира таксист…
Хаза гIиллакх дара цо гайтинарг. Нохчийн вадца иштта хила догIуш а ду. ЧIогIа товш ца хуьлу, юьртара воцу стаг, цхьаъ хаьттина шена тIевеача куьйган ишаршца некъ бийцина, дIавохуьйтуш. Ша хьалха а ваьлла, цо боххуче дIакхето веза хьаша.
Ас вайшинна тIера дIаделла
Гуьмсе йоьдучу «Газела» тIехь ул-улле нисвелла 70 шарал тIех иккхина хан хир йолуш къано а, жима стаг а (20–25 шо хила тамехь). Вовшашка вистхилар доцуш хиъна Iаро гойту, и шиъ гергара а, кхул хьалха вевзина а цахилар.
Шен болх бан йолало некъан ял гулъешъерг. «Шиннах ду хьуна», – олуш, цуьнга ахча кховдадо жимачу стага».
Шена тIера ахча дIадала кисана кхевдинчу воккхачу стаге олу: «Ас вайшинна тIера дIаделла, ахча ма хьеде».
Шеца лаьцначу гIиллакхах гIеххьа цеце хуьлуш, бехкала воьду къано: «Ахь шиннах аьлча, хьоьца кхин накъост хуьлуйтуш вара со-м, Дала сагIа дойла, дисинчух Дала беркат дойла, оьшуш ма дацара, кегийрхойн хьашташ дукха ма хуьлу».
Жима стаг дуьхьал вистхила кхиале, и сурт гуш, дехьа хиъна Iаш йолу зуда йистхуьлу: «ХIумма а дац, сагIа хир ду, жимачо воккхачунна тIера луш товш ду…».
Къаналле вирзинчу воккхачуьнгара (иза вевзаш вацахь а) водитело ахча схьа ца эцча я улле нисвеллачу жимачо (шен таро елахь) цунна тIера догIург делча хаза ду. Баккхийчу нахе ларам хилар ду иза.
Хь.ДОВКАЕВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо