Кузаев Махьмуд

Хаъал хилчахьана дуьйна журналистийн корматалла езаш а, цуьнга сатуьйсуш а вара Махьмуд. Цо пайдаоьцура газете яздан яьллачу муьлххачу а таронах. ТIаьххьара а «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете корреспондентан балха ваха аьтту белира цуьнан. Кхузахь юххера вевзира иза.

Кузаев Махьмуд вина 1931-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Нохчий цIерабаьхна, дIабахийтинчохь КузаевгIар Казахстанерчу Алма-Ата гIалахь Iийра.

ФЗУ-н школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа фабрикехь болх бира. Цкъа цхьана шарахь Махьмуд юкъахь а волуш, фабрикера масех стаг бамба лахьо вахийтира Казахстанан къилбехь йолчу бамбалелочу «Пахта-Арал» совхозе. Суьйранна болх чекхбаьлча, охьахуий, цхьацца доцца дийцарш а, забарш а язйой, уьш конверташ чу а йохкий, почтехула белхан накъосташка дIайохьуьйтура. Уьш хазахеташ, балхахь массарна а хозуьйтуш, йоьшуш хиллера. Цул тIаьхьа Махьмудах балхахь «журналист» ала долийра. Иза цара аьлча, Махьмудана хазахетара.

Жимачу стага итт шарахь болх бира фабрикехь. Балхана юкъах а ца волуш, суьйренан школехь а, цул тIаьхьа заочни кепара техникумехь а дийшира. Дешна ваьлча Алма-Атахь махлелоран декъе балха вахара.

1955-чу шарахь Алма-Атахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет арахеца долийча, цунах боккха кхаъ хилира дерриге а нохчийн къомана. Амма цунах къаьсттина хазахетар хилира Махьмудана. Иза оцу газете яздан волавелира. Цуьнан боцца хаамаш а, корреспонденцеш а кест-кеста арайовлура газетехь.

Дерриге а нохчийн а, гIалгIайн а, вайца цхьаьна цIерадаьхна хиллачу кхечу а халкъашна боккха кхаъ хилира 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор. Нах цIа эха буьйлабелира. Дукха хан ялале Даймахка юхабирзира КузаевгIар а.

ЦIабаьхкинчу хьалхарчу муьрехь Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» газете балха вахара Махьмуд. Бакъду, цигахь дукха хье ца велира иза. Дукха хан ялале «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете веара. Гуонаха болчаьрца а, леларца а оьзда, гIиллакхе волу керла белхахо резахилла тIеийцира редакцин коллективо. ГIо дира журналистан корматалла караерзорехь а, шаръярехь а. Корматаллин къайленаш Iамош, журналистикех лаьцна дукха а литература йоьшура Махьмуда. Дийшира корреспондентийн школехь а, марксизман-ленинизман университетан журналистикин отделенехь а.

Махьмуда газетехь яздора къинхьегаман коллективийн белхан кхиамех а, производствон хьалхелелорхойх а лаьцна. Оцу гIуллакхехь цо пайдаоьцура журналистикин тайп-тайпанчу жанрех. ЦIеяххана девзаш долчу адамех лаьцна Махьмуда язйина очеркаш резахуьлий йоьшура газетдешархоша. Махьмуда безамца очеркаш а, статьяш а язйора шайн БухIан-Юьртарчу девзаш долчу адамех лаьцна. Цунна юххехь долчу тхуна хаалора Махьмудан шен юрт а, юьртахой а даггара безаш а, цо уьш лоруш а хилар.

Махьмуда дозалла дора ша газетехь болх беш, ша журналист хиларх. Дукха хенахь дуьйна ша сатийсинчу журналистикин корматалле кхачар шен дахарехь боккха кхиам лорура цо. Редакцехь болх беш волчу хенахь СССР-н Журналистийн союзан декъашхо хилира цунах.

«Со «Ленинан некъ», («Даймохк») газетехь болх беш хиларх дозалла дора ас. Со ирс долуш а хетара суна, – дагалоьцура Махьмуда. – Ас дозалла дора со иштта бертахьчу, цхьа доьзал санна ехаш йолчу, оьшучу хенахь муьлххачунна а гIо-накъосталла дан кийча йолчу башхачу коллективе со нисваларх. Цо гIо дира суна журналистикин корматалла кхачам боллуш караерзо, белхан доккха зеделларг долчу белхахойн могIаршка хIотта. Ас къаьсттина баркалла бахарца дагахь латтабо «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь сан вежарий, йижарий хилла болу сан накъостий Сумбулатов Дени, Магомаев Леча, Дадаев Сайд-Хьасан, Темирсултанов Iали, Барзанукаев Ахьмад, Магомаев Салавди, Алиев Iаьлви, Аболханов Хьаьким, Юнусов Хьамзат, Дашаев ШаIрани, Эскерханов Хьабибул, Газиева Аза, Курбанов Ваха, Асиева ПетIамат, кхиберш а. Суна уьш цкъа а бицлур бац».

С.МАГОМАЕВ

№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: