Боламан – 100 шо
БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан профсоюзийн боламан 100 шо кхаьчна. Цуьнца доьзна профсоюзан декъашхой оцу башхачу денца декъалбира регионан Парламентан председатела Мачнев Алексейс.
Цо билгалдаьккхира тахана шен могIаршкахь цхьа бIе эзар сов декъашхо волуш йолчу оцу цхьаьнакхетаралло къинхьегамхойн бакъонаш а, хьашташ а лардарна тIехьажийна жигара болх дIахьош хилар.
БIешеран йохаллехь масех чкъуран векалша регионан историна юкъайиллина ца Iаш, дийнна мехкан историна а юкъайиллина йоккха хазна.
Оцу чкъурийн башха хьуьнар бахьанехь кхоьллира Даймохк кхиоран ондда бух. Оцу ламасташна тешаме хилла бисина профсоюзан таханлера декъашхой а. Уьш даима а коьртехь лаьтта къинхьегаман дерриге а дIадолорашна.
Профсоюзаша хаддазчу тергамехь латтадо регионан социально-экономикин кхиаран гIуллакхаш, предприятийн белхахоша садаIаран, церан могашалла тояран гIуллакхаш, церан белхан хьелаш. Тидамза ца буьту ветеранаш а, тIекхуьуш йолу тIаьхье а.
Республикехь мехала лору профсоюзаша пачхьалкхан Iедалан органийн векалшца, предприятийн а, организацийн а куьйгалхошца даима зIенаш латтош, къинхьегамхойн хьашташ лардарехь цара цхьаьна гIуллакхаш деш хилар.
Шемин берашна
СТАВРОПОЛЬ. Москварчу «Чкаловский» аэродромера шатайпана кира дIадахьийтира Ессентуки гIалара. Регионехь школана оьшуш болу 400 кийла гIирсаш – тетрадаш, къоламаш, гIоьналлин гIирсаш – гулбира Шемин берашна лерина. Гуманитарни гIо дарехь дакъалецира предприятеша, берийн бошмаша, школаша, дешаран учрежденеша.
«Шемин берашна – Ставропольен берашкара» аьлла йолу акци лерина яра дешаран шо дIадоладаларна. Россин Герзашца кечбинчу ницкъашкахь йолчу юкъараллин регионан отделенин куьйгалхочо Зоболев Валерийс дийцира бекарг (март) шайн делегаци Хмеймим авиабазехь хиллачу хенахь меттигерчу хьехархоша шайга динчу дехарна жоп луш и акци дIаяьхьна хиларх лаьцна. Цара хIетахь дехар дира тIамо йохийначу гIаланашкахь дешаран процесс меттахIотторехь гIо дар.
Ессентуки гIаларчу хьалхарчу школин, шахматийн «Вертикаль» школин, школе даха хан кхачаза долчу берийн «Сказка», «Ромашка», «Зоряночка» учрежденийн дешархоша а, бераша а вовшахтуьйхира и мехала кира.
ДIайолийнарг юьхь бен яц. ТIейогIучу хенахь и гIуллакхаш жигараллица дIадахьа ойла йолуш бу гIалахь.
Туризм кхиорна
ЧЕРКЕССК. 2019–2025-чуй шерашна лерина йолчу Россехь чоьхьара а, арахьара а туризм кхиоран федеральни Iалашонан программина юкъаяхийта инвестицийн ялх проект кечйина Кхарачойн-Чергазийн Республикехь. Церан юкъара мах 6 миллиард сом гергга бу. Цунах лаьцна дийцира регионан туризман, курортийн, кегийрхойн политикин министра Эркенов Анзора.
Хьалхара проект лерина ю дуьненахь а дика евзаш йолчу Домбайна. Иштта билгалдина Муьстачу хишна тIебоьдуш болу Дукка-Пхия машенийн некъ биллар. Европин, дуьненан тоьлла эксперташ юкъа а озош, боккха тидам тIебахийта лерина Черкесскехь йолчу культурин а, садаIаран а «Баьццара гIайре» парк кхиоран проектана.
Кхин а ши проект ю шайна тIе тидам бохуьйтуш – Малокарачаевскан кIоштарчу «Красный восток» юьртахь «Гумлокт» этноюрт йиллар а, Прикубанскан кIоштарчу Кавказски поселкехь терминальни «Жемчужина Кавказа» SPA-комплекс яр а. Цигахь шорбийр бу комплексан барамаш – йийр ю аквапарк, юкъараIойла, хазъеш-тойийр ю садаIаран меттигаш.
Къоначу доьзалшна – сертификаташ
НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьаран администрацехь «2016–2020-чуй шерашна Нальчик гIалин округан къоначу доьзалшна хIусамашца кхачояран» муниципальни Iалашонан программин декъашхошна кху деношкахь дIаелира сертификаташ.
Оцу программица эконом-классан хIусамаш ярна я эцарна социальни ахча дала билгалваьккхинарг регионан пачхьенан къона 710 вахархо ву. Иза кхочушъярна ахча ло федеральни а, республикин а, муниципальни а бюджеташа. Кху шарахь, масала, цо таро хилийтира хIинцале а гIалин 64 доьзална сертификаташ дIадала.
Программин декъашхошна хьокъала доллу документаш дIаделира гIалин мэран хьалхарчу заместитела Тонконог Анатолийс.
Хаамаш кечбинарг – Д.НУКАЕВА
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо