ХIокху деношкахь «Буьрса гIап» автодромехь Нохчийн Республикин картингехула йолчу схьайиллинчу чемпионатан шолгIачу муьран къийсадаларш хилира. Вовшахтохараллин комитетан векалша дийцарехь, мероприятин Iалашо яра спортан техникин тайпанаш довзийтар а, кегийрхошна автоспорт марзъяр а, тоьлла спортсменаш билгалбахар а.
Дакъалацархой къовсалуш бара «Микро», «Мини», «Супер-Мини», «Пионер», «Кадет», «Национальный юниор», «KZ2», «Свободный» цIерш йолчу классашкахула. Автомобилийн спортан Федерацис вовшахтоьхначу оцу къийсадаларшкахь дакъалецира Ставрополан крайра а, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу а, Дагестанерчу а, Нохчийн Республикерчу а 30 сов спортсмена.
Къийсадаларийн хьалхарчу дийнахь, администрацин таллам а, медицинин терго а, техникин инспекци а йиначул тIаьхьа, дакъалацархой квалификацех чекхбевлира. ШолгIачу дийнахь чемпионат схьайиллира, иштта, хIора а классехь шишша машен хахкар а хилира. Цуьнан жамIашкахула республикин берийн (кхиазхойн) техникин кхоллараллин туьшан картингисташа толаман меттигаш ехира.
«Мини» олучу классехь совгIатан меттигаш ехара Удод Сергейс, Ансаров Мохьмада, Дергиев Ахьмада, «Супер-Мини» классехула – Дахкильгов ХIарона, Ахмадов Джабраила, Тлюняев Руслана, «Кадет» –Зашакуев Джамала, Сохов Iалихана, Галаев Асхьаба, «Свободный» – Х.Альвиевс, Б.Барзанкаевс, И.Гамаргаевс, «Национальный» – Маремуков Аслана, Лисицын Максима, Пшмахов Уалис, «KZ2» – Дудин Виталийс, Хутатов Султана, Масалов Андрейс.
Толамхошна совгIаташ дира дипломашца а, кубкашца а. Иштта, цигахь дIадаьхьира хьовсархошка мехала совгIат даккхийтаран лотерейх ловзар. Кхаж белира Ансаров Мохьмадан, цо вилспет а, самокат а яьккхира.
I.ТЕРЛОЕВ
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо